ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Орци-Мохк эвла схьаелла кечлуш бу Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалахь кечлуш бу оьрсийн паччахьан инарлан Чермоев Орцин цIе тиллина эвла схьаелла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллинера меттигерчу Iедалшна 35-чу а, 56-чу а гIалин дакъошна реконструкци яр.

Кхаа баттахь цигахь ехкина берийн ловзу меттигаш, дехкина некъаш, тесна газан а, хин а биргIанаш, тодина маьждиг а, 35 цIа а, 23 пхеа петарх лаьтта коттеджаш а, 42 нехан долара хIусам а.

Керла хIусамаш лур йолуш ю 200 гергга доьзална. Керлачу эвлахь кхуллуш ю социалан инфраструктура: волейболах ловзу меттигаш а, жижиг датта 9 меттиг а, рагӀун тайпа гӀишлош а.

Цу белхашна, "Нохчийчоь тахана" агенталло дийцарехь, ахча луш ю Кадыров Ахматан фонд.

Нохчийн къомах волчу Чермоев Орцас 1842–1864 шерашкахь дакъалаьцна Оьрсийн империно дIахьош хиллачу Кавказерчу а, 1877–1878 шерашкахь оьрсийн-туркойн а тIемашкахь. Нохчийчохь 1877-чу шарахь хилла гIаттам охьатаIош жигара дакъалаьцна ву Оьрсийн империн эскаран инарла-майор хилла Чермоев.

1894-чу шарахь императоран омрица Чермоевх вира "дворянин". Цуьнан доьзалхой лерира Оьрсийчоьнан империн xӀy цӀена долу "дворянаш" хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG