ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох хан тоьхна, ши адам а дуьйш, некъахьовзамехь дакъалаьцначу нохчочунна


Москох Можайское шоссехь, ши адам а дуьйш, хиллачу некъахьовзаман декъашхо Джамбеков Муслимна 2,5 шо колонехь даккха хан тоьхна кхело. Цунах лаьцна хаам бо "Московский комсомолец" газето.

34 шо долу Джамбеков Соьлж-ГIаларчу полице веара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шега кхайкхам бинчул тIаьхьа.

Зуда а, 14 шо долчу кхиазхо йоI а юьйш, бохам хилира Зазадоккху-беттан 23-чохь. "Нива" а, Mercedes Gelandewagen а дуьхь-дуьхьал кхеттера Можайское некъа тIехь. И бахьана долуш "Нива" машенна чохь хилла зуда а, кхиазхо йоI а йийнера, цунна урхалла деш хилла стаг охьавиллинера дарбанан хIусаме.

Mercedes-ан хьалха хиинарг къайлаваьллера некъабохам хиллачу меттера. Хьалхо хаам баьржинера цу машенан долахо Нохчийчьура ММА латархо Дудаев Iабдул-Рахьим ву, ткъа бохам хуьлуш цунна хьалха хиина цуьнан накъост Джамбеков Муслим хилла аьлла. И стаг талор дарна хан текхна ву, бохуш яздора Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша. ТIаьхьо Дудаевс дIахьедар дира, и машен ша йоьхкина 1 шо а дара аьлла.

Джамбековс 1 300 00 сом ахча делла хилла хала киртиг тIехIоьттинчу цу некъахьовзамехь еллачу зудчуьн майрачунна Роменков Раманна, суьдехь хьахийра Кадыров Рамзана делла бохуш кхин а 600 эзар сом.

"Ахча ахча ду, амма хьан юхалур ю суна зуда а, йоI а", - хоьттуш вара Роменков. Джамбековна дина таIзар дукха кIеда хета шена, амма иза латкъам бан дагахь ву кхело бинчу сацамна, бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG