ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема еддачу йоIах дисина ши бер цIадерзийна Австрин Iедалша


Шема еддачу йоIа цу махкахь дина ши бер цIадерзийна Австрин Iедалша. Цу тайпаниг дуьххьара хилла цу пачхьалкхехь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино.

Вуьйцург ву 2016-чу шарахь шен 16 шо долчу доттагIца "Исламан пачхьалкх" тобано Iуналла дечу метте яха цIера едда хиллачу (цу хенахь цуьнан 15 шо хилла) С. Сабинин 2 кIант.

Дйцарехь, "Исламан пачхьалкх" тобан магIаршлахь волчу нохчийн жимачу стагаца интернетехула къамелаш динчул тIаьхьа яьлла иза Шема яха новкъа. ЙоI дIакхачале нохчо вийна. Эхарре а кхечу нохчочуьнгахь марехь хилла Сабина, иза тIамехь веллалц.

Австрин арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хамца, С. Сабина кхелхина кхушеран Зазадоккху-баттахь Богуз гIалан гергахь тIемаш боьлхуш. Цуьнца хилла йоккхахайолу йоI йийначух тера ду Раккехь. Цуьнан ши кIант (жиманиг 1 шо долуш ву, вукхуьн ду 3 шо) латтош хилла Шеман территори тIехь йолчу курдийн лагерехь.

Сабинин ненан кехаташ кечдан аьтто баьллачул тIаьхьа, Австрин Iедалийн таро нисйелла ши кIант цIавало. Цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Гушельбауер Петера бинчу хаамца, карарчу хенахь ши кIант Венехь ву. Цу шинна гIо деш бу лоьраш.

Австрин Iедалша бинчу хаамца, карарчу хенахь цу махкара Шема баханчу нехан кхин а 20-х бер ду цу пачхьалкхан территорина тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG