ТIекхочийла долу линкаш

Германера нохчийн нус Линда хьеяла мега Иракъехь


Германера 15 шо долу Линда маре яхана хилла Иракъе тIаме ваханчу нохчочуьнга.

Интернетехь гIаръяьлла Иракъерчу эскархоша лаьцна дIаюьгуш йолу 16 шо кхаьчна йоI гойту видео. Ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба иракъхойн салтеша а, дуьненаюкъерчу коалицин эскарша а Мосулера араяьккхинчул тIаьхьа цу гIалин херцашлахь иракъхойн салташна карийнера 4 къона зуда.

Цу еа зудчух уггаре а гIардаьлларг Линда цIе йолчу йоIаца доьзна дерг ду. Немцойн Заксен лаьттарчу Пуслнитц гIалара ю иза. ХIинца а бераллера а яланза, беран юхь-сибат а долуш а йолу и хIетахь 15 шо бен доцу йоI даханчу шарахь аьхка цIера еддера.

Ша ядале хьалха бусалба дин тIеэцнера цо, хиджаб лелон а йолалуш. ЙоI къайлаяьлча цуьнан лараш лоьхучу де-нанна Туркойчу яха цо къайлаха эцна билет гучудаьллера.

Цул тIаьхьа интернетехула цуьнан хьаьнца зIенаш хилла бохург толлучу Iедалхошна гучудаьллера, иза цхьана форумехь Иракъех тIом бечу цхьана нохчийн тIемалочуьнца уьйр а тасъелла, иза веза а велла, цуьнга маре яха новкъаялла хилар. Иштта Мосуле кхаьчнера хIетахь 15 шо хилла Линда. Амма иза дIакхаьчна а, марел дина а дукха хан ялале цуьнан хIусамда вийнера.

Ша иракъхойн эскархоша лоцучу мIаьргонехь масийта чов йина хилла Линда, некхауьнна тIе а, гIогIах а. ХIинца интернетехь гучуьллачу иза иракъхоша лаьцна дIауьгуш гойтучу видео тIехь гуш ду иза астагI теIаш а, цо ша дукха лазйеш мохь хьоькхуш хилар а.

Ткъех божарех лаьттачу тобано гонахь бирзина махьарш а хьоькхуш, вовший ира-кара а хIиттош, юх-юха а Iарбойн маттахь „немцо ю иза, немцо ю“ бохуш мохь бетташ, боьлуш, цIогIарш детташ, юьгуш гуш ю иза.

Видео зорбане яьллачул тIаьхьа немцойн арахьарчу гIуллакхийн министраллин векалша дIахьедар дина, и йоI хIинца а дийна ю, шаьш цуьнан кхолламна тIехь терго латтош а бу, иза Германе схьаялон некъаш лохуш а бу, аьлла. Ша Линда карарчу хенахь БагIдадерчу лоьрийн цIийнахь ю, дийнахь-буса а иракъхойн салташа ха деш а йолуш.

Немцойн Зюддойче Цайтунг газетин корреспондентан аьтто баьллера цуьнца къамел дан. Ша чIогIа дохкояьлла ДаIишах дIакхетарна, ша немцойн Iедалхошца болх бийр бу, шена чIогIа цIаян лаьа шен доьзал болчу, аьллера цо. Линда лоцучу хенахь цуьнгахь герз гучудаьлла. Нагахь санна цунна Иракъехь кхел еш хилахь, иза ДаIишан могIаршлахь тIом беш хилар кхелахочунна гучу а далахь, иза ен сацам бан йиш ю цигарчу кхело.

Ткъа Линда Германе цIаялон кадалахь, немцойн кхело толлур ду, иза Иракъехь еккъа тIемлочунна зуда санна хилла я ша а тIом беш хилла бохург. Мухха жамI цу талламо гайтахь а масех шо бен тухур дац цунна.

Нагахь санна Линдица а, вукху немцойн къомах йолчу зудчуьнца а дерг къастош и шиъ цIаерзо араяьлла йолу Иракъера Германин векалтин белхахой белахь, хууш дац хIинца а хIун хилла цаьрца цхьаьна лаьцначу туркойн, нохчийн орамаш долчу вукху къона шина зудчух.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG