ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Билал цIаверзийна Нохчийчу


Воьлхуш ву Билал, йоьлхуш ю кIанте ирсечу бIаьргашца хьоьжу нана Залиха, воьлхуш ву кIант тIехьерча Сабсаби Зияд, йоьлхуш ю баланехь ши шо даьккхина баба, йоьлхуш ю сингаттамо гIелйина деца, боьлхуш бу къизачу тIамана юкъара схьаваьккхина 4 шо долу кIант гуш дог реза хилла телехьовсархой, гIайгIане ву парламентан гIантда Даудов Мохьмад а, республикан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа а, самукъадаьлла ву Кадыров Рамзан.

Мангал-бутт юккъебаьлла боьдуш Иракъерчу Мосулехь яьккхинчу видео тIехь хезаш "шишани" а долуш, салтичун карахь, хIинцца Iедалан эскарша ДАIИШ-ан тIемалошкара схьаяьккхинчу гIишлонна тIехула айина байракх "муртаддийн" ю бохуш, бууш карахь Iаж а болуш, жима бер гича цуьнан леларца гуш дара иза нохчийн кIант хилар.

ХIара сурт гинарг цхьа а висина хилла хир вацара цу кIентан кхоллам башхалла дац шена аьлла хеташ.

Тагиров Билал Мосулан херцаршна юкъахь карийра Иракъан салташна.
Тагиров Билал Мосулан херцаршна юкъахь карийра Иракъан салташна.

Цундела кхаариндийнахь Гергарчу Малхбалера Соьлж-ГIалахь охьадоьссинчу кеманна дуьхьалбаьхкина нах шена гича бIаьргех хиш даьлла воьлхуш вара жима кIант.

Видео тIехь Иракъерчу салтичун карахь волуш 4 шо долу Билал гIийла гуш вацара. Амма цул тIаьхьа иза латтийна хьелаш дуьйцуш воьлхура Кадыров Рамзана Иракъе хьажийна волуцуьнан гIоьнча Сабсаби Зияд.

Нохчийн Республикан Москох волу векал Сабсаби Зияд.
Нохчийн Республикан Москох волу векал Сабсаби Зияд.

Йоьлхура шина шарахь шен кIантах хилларг хIун ду ца хуучу баланех хан текхна йолу нана Ашаханова Залиха.

Ашаханова Залиха.
Ашаханова Залиха.

Кадыровна а, кIант цIаверзош къахьегначу нахана баркалла бохуш боьлхура Билалан гергарнаш.

Иракъера нохчийн кIант цIавалош ву аьлла духьал ваханчу Нохчийчуьрчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада дийцира Шема а, Иракъе а тIамтIе баханчу наха шайн доьзалшна зинчу зенех а, беанчу баланех а лаьцна.

Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

КIантана дуьхьалваханчу муфтийс Межиев Салахь-Хьажас дийцира телевизионехула бер а, нана а вовшахтоьхначу наха шайна баьккхинчу мелах лаьцна. И мел шена баьккхинарг уггаре а хьалха "паччахь Рамзан-Хьаьжа" ву бохуш вара муфтий.

Муфтий Межиев Салахь-Хьажа.
Муфтий Межиев Салахь-Хьажа.

Ткъа Кадыровс чIогIа реза хиларца тIеэийцира шен мисси кхиаме дIаерзар. Иза чекхяьллалц Сабсабица зIенехь хиллачу республикан куьйгалхочо, сихонца видео дIахIоттийра шен инстаграмерчу агIон тIехь, кIант цIавалош хиларх лаьцна кхаъ боккхуш.

Мосулерчу херцаршлахь салташа Билал караэцна лелош а, цул тIаьхьа Сабсабис иза Иракъан Iедалан векалера схьаоьцуш а уллехь вара кIентан да Тагиров Хьасан. Карарчу хенахь иза ву Иракан Iедалан карахь. Цунна тIехь кхел йийр йолуш ю.

Тагиров Хьасан, Билал а эцна Шема вахале хьалха.
Тагиров Хьасан, Билал а эцна Шема вахале хьалха.

Тагиров Хьасан карарчу хенахь Иракъан Iедалша лаьцна ву.
Тагиров Хьасан карарчу хенахь Иракъан Iедалша лаьцна ву.

Сабсаби Зияда шеца схьадеана Тагировс шен нене яздина кехат дийшира Даудовс. Шен нене къинтIера ялар доьхура цу стага.

И дерриг гайтира республикерчу телевизионехула.

Ши шо долуш ненах ваьккхина дас дIавигина Тагиров Билал цIавирзина. Амма, цхьаболчу хаамашца, кхин а дуккха а нохчийн бераш дуьсуш ду цигарчу тIаман кIуьран юкъахь.

Церан кхоллам къасто гIерташ а, царна гIо дан гIерташ а бу Урданехь а, Иракъехь а бехаш болу нохчий. Царна юкъахь ву Урдунан парламентан депутат Бено Тамир а, нохчийн юкъараллан лидер инарла Бено Самихь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG