Юккъерчу бIешарашкахь кхо адам дIадоьллина шира каш карийна Къоьзан-Iоманна гена йоцуш Iуьллучу Хой эвлахь. Цунах лаьцна пIераскан дийнахь хаам бина Нохчийчуьрчу къаьмнийн политикехула министралло, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Археологашна хетарехь, карийна шира каш цхьа дакъа хила мега X-XII бIешерашкахь хиллачу кешнийн. Цу чохь дIабоьллинарг доьзал хиллачух тера ду. Яьшкан кепехь даьккхинчу тIулгийн коша чохь Iохкуш ду стеган а, зудчуьн а, беран а декъий.
Шира каш карийна Хой эвлан йистерчу цхьана хенахь нах бехаш хиллачу бIаьвнех цхьаъ юхаметтахIоттош.
Говзанчаша дийцарехь, шира каш цхьана декъана дохийна хиллачух тера ду бIов юьллуш. Цул сов, каш схьадаьстина а хила мега ширачу заманахь. Цуьнан билгало ю цу чохь цхьа а артефакт (куьйга йина хIуманаш, масала, туьлган гIирс, кечлуш ухку хIуманаш, герз, кхийран пхьегӀаш) карийна ца хилар.
Министраллан векалша дийцарехь, декъий юха дIадухкур ду бусалба дино хьоххучу кепехь.