ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но тIе ца оьцу Богатыревана Соьлж-ГIаларчу аэропортехь шаьш кхерамаш тийсар


Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахоша харц до ГIалгIайчоьнан яхархо Богатырева Эсет 2019-чу шарахь Мангалан-беттан 30-хь Соьлж-ГIаларчу аэропотехь лееш шаьш цунна кхерамаш туьйсуш Iаткъам бина бохург. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Кавказ.Реалиин портале ФСБ-ра деанчу жоьпехь.

Эсет йиша ю 2011-чу шарахь Домодедово аэропортехь ша эккхийтинчу Iожалхочунна гIо дина, бохуш лоьхуш волчу Богатырев Микаилан. Цо харц до, 37 стаг а вуьйш, Домодедовохь динчу эккхийтарна ша декъах ву бохург. Iедалша цуьнга бехккховдийна зуламан юкъараллан а, бандитийн тобанан а декъашхо а ву, терактехь дакъалаьцна а ву аьлла.

Оьрсийчоьно лоьхуш ву Богатырев Интерполехула. Цундела ша волу меттиг хьулйина хан токхуш ву иза. Микаила дийцарехь, иза бехке хиларан тоьшаллаш дац Оьрсийчоьнан Iедалхошкахь. Цу бахьанца иза вехачу пачхьалкхо дIа ца велла иза Оьрсийчоьне. Йишас Эсета чIагIдо, Микаил шена ганза а, ша цуьнца зIене яланза а 8 шо ду бохуш.

Марсхьокху-беттан 30-хь Богатырева Эсет шен хIусамдеца Истанбулера Соьлж-ГIала лелачу кеманца цIайогIуш дозанхоша сацийна хиллера, вешех лаьцна хаамаш къастош.

Зудчо дийцарехь, цIершца ца бевзачу эпсарша кIоршаме багалейинера цуьнга, ваша террорист ву бохуш. Цул сов, цу наха чIагIдеш хиллера, Микаилна экстрадици кечйеш ю, иза кестта Оьрсийчу цIахьажор ву бохуш.

Амма ФСБ-н белхахоша тIе ца дуьту шаьш цунна кхерамаш тийсар. Хаттарш дар бен кхин шаьш дина хIума дац, кехаташ а ца хIиттийра шаьш, боху цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG