ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабиб винчу юьртанна - спортан гIишло


Дагестанан премьер-министр Здунов Артем вахана гоьваьлла спортхо Нурмагомедов Хьабиб схьаваьллачу ЦIумадан кIоштарчу Силди юьрта, шеца спортхочун да, тренер Нурмагомедов Iабдулманап а волуш.

Дагестанехь ян леринчу кхаа спортан-могашаллин а, хьешацIенойн а комплексех цхьаъ хир ю Силдехь, хаамбо "Дербент портало".

Юьртахь спортан комплекс яр шена тIеэцна Iедало, ткъа хьешацIа дийр ду совдегарша вовшашлахь гулдечу ахчанах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG