ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юзик Юлияc лаххара а кхин а кIира хьор ду ТехIеранерчу изоляторехь


Оьрсийчуьра журналист Юзик Юлия лаьцначуьра кеста дIахеца лерина яц ГIажарийчоь – ТехIеранерчу изоляторехь лаххара а кIира доккхуьйтур ду цуьнга, элира «Кавказ.Реалиига» адвоката АгахIани Хьасана (Hassan Aghakhani).

«Ас Юлиян гIуллакх лелочу талламчица къамел дина. Цо соьга дийцира иза стенна лаьцна. Ас хаьттира, шпион ю аьлла-м ца лаьцна иза. Ца лаьцна, жоп делира цо», - боху АгахIанис.

Ша адвокат тIе ца витина журналистна, талламча цуьнга хеттарш дина ца ваьлла, аьлла. Гарехь, кIира даьлча бен кхочур вац иза Юзик йолчу.

Оцу юкъанна, Юзик визица проблема хиларна лаьцна, ца йо иза я Израилехьа шпионалла лелорна а, я кхечу хIуманна а бехке, аьлла оршоьтадийнахь ГIажарийчоьнан Iедалан векало Рабии Iалис журналистан хьокъехь хIоттийначу пресс-конференцехь. Хьалхо прессехь даржийра, Юзик Юлия Израилехьа шпионалла лелорна бехкейо ТехIерано, аьлла.

«Кавказ. Реалииица» юкъарлонехь волчу цхьана ТехIеранан вахархочо анониман хьелашкахь дийцира, ши шо хьалха, ГIажарийчуьра арайолуш, Юзике цигарчу къайлахчу сервисан векалша, кхин ма йола шайн махка аьлла хиларх лаьцна.

"Хьуо лоцийла ца лаахь, юха ма йола ГIажарийчу, аьллера цуьнга цкъа. Иза бен кхин суна хууш хIума дац», - элира цо.

Хаийтина ма-хиллара, массех де хьалха лаьцна Юзик Юлия. Израилехьа къайлах болх барна бехкейо ша аьллера цо шен гергарчаьрца телефонехула йист хуьлуш.

ДIадахначу шоьтадийнахь ГIажарийчоьнан дипломатин векало Мусави Iаббаса, Iедало дIахоьцур ю журналист, элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG