ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхел: Кавказхой лечкъорна 432 эзар евро охьадилла деза Оьрсийчоьно


2007-2011-чу шерашкахь лечкъийначу нехан гергаргарчийн рогIера дакъа тоьлла Европан кхелехь Оьрсийчоьнна духьал айдинчу девнехь. Аьрзнаш толаме кхачийнарш бу "Мемориал" а, "Адамийн бакъонаш ларъен Европан центр" а цхьаьнакхетараллера адвокаташ.

Оьрсийчоьнан Iедал бехке ду нах лечкъабайтарна а, хIаллакбайтарна а, зуламаш цаталларна а, аьлла бу Страсбургерчу кхело бина сацам.

"ГIалгIайчохь 2007-чу шарахь Гадзиев ИбрахIим, Нохчийчохь 2009-чу шарахь Дзейтов Хьамзат а, Сигаури СаIид а, оццу шарахь ГIебарта-Балкхаройчохь Накани Георгий Iедалан ницкъаша лачкъорна Оьрсийчоь бехке а еш, церан гергарчарна 432 500 евро ахча дала декхарейина Москва", - бовзийтира "Мемориалан" пресс-гIоьнчалло "Кавказ.Реалиина" Европан кхелан сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG