ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уьш дIалоьцур бу ца моьттура суна". Шемара цIабалийначу доьзалан кхолламах



2015-чу шарахь шен доьзалца Шема дIаяхна, даIишхойх дIакхеттачу Туркестанан кIоштарчу вахархочун Мауленов Маратан йоIна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийна.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна гIо латторна бехкейина иза прокуратурано. Аидин жимахволу ваша а набахтехь ву. ЙоьIан воккхаволу ваша а, да а кхелхина Шемахь.

ГIУЛЛАКХ ЛИСТАР, ХАН КХАЙКХОР

Туркестанан кIоштарчу Казыгуртскан муниципалан кхело кху беттан 4-чохь пхи шо хан туьйхира къайлахчу сервисаша Шемара цIаялийначу Казахстанан яхархочунна Амангельды Аидина, "терроризмна пропаганда ярна а, терроран зуламаш де бохуш, кхайкхамаш барна а, полисхошна кIелоян кхерамаш тийсарна а". Кхелан сацамна латкъамбийр бац ша аьлла Аидас.

2015-чу шарахь шен зуда а, 6 доьзалхо а эцна Шема дIавахначу, школехь хьехархо хиллачу Мауленов Маратан йоI ю Амангельды Аида. Гергарчара дийцарехь, Мауленов Марат вийна Шемахь 2017-чу шарахь. Ткъа цуьнан доьзал цIа балийра кху шеран Стигалкъекъа-баттахь, къайлахчу сервисаша йолийначу "Жусан" операцин гурашкахь.

ТIаьххьара хиллачу кхелан кхеташонехь Аидас аьллера, ша бехкехиларна къаро а йина, оьшу кехаташна куьйгяздийр дара ша. Амма прокуроро хаамбира, талламаш дIахьочу юкъанна низамашца догIуш дац ишта гIуллакх дерзор аьлла.

Прокуроро Алтаев Ерсина дIахьедира Аидин бехк кхачо йоллуш тIечIагIбина, цуьнан гIуллакхан материалашкахь тоьшаллаш ду, Шемахь йолчу хенахь цо терроризмна пропаганда йина хиларх телекоммуникацин машанехь. Шен гергарчунна агитаци еш а хилла цо, шайн тобанех кхета бохуш.

Ишта бехкейо иза, эвларчу имамна а, къоман кхерамзаллан комитетан векална а кехаташкахь кхерамаш тийсарна. Пхи шо хан ехнера Амангельды Аидина.

Кхелахо Рахимбаева Гульмира (аьтту) а, прокурор Алтаев Ерсин (аьрру), Амангельды Аидин кхелехь.
Кхелахо Рахимбаева Гульмира (аьтту) а, прокурор Алтаев Ерсин (аьрру), Амангельды Аидин кхелехь.

Прокуроро иза бехкехиларх документ доьшучу заманчохь, меллаша йоьлхура жима зуда. Суьдхочо шега дош делча, ша бехке а ю, лелийначунна дохкояьлла, кхиндIа шегара ледарло йолуьйтур яц ша аьлла, шех къинхетамбар дехнера цо.

Цуьнан адвокато Байжаркынов Мусабека дийхира кхелахошка, иза Шема шен гергарчу наха тIеIаткъамбина яхана хилар а, доггаха шегара даьллачунна иза дохкояьлла хилар а тидаме эцахьара аьлла. Суьдхочо Рахимбаева Гульмирас пхи шо хан кхайкхийра цунна.

КАЗЫГУРТЕРЧУ ДОЬЗАЛАН ШЕМАХЬ ХИЛЛА ДАХАР

Шемарчу Багхузна гергахь автобусна тIаьхьатесначу гIудалкх чохь зударий а, бераш а
Шемарчу Багхузна гергахь автобусна тIаьхьатесначу гIудалкх чохь зударий а, бераш а

Оьрсийн меттан хьехархо хилла Казыгуртскан кIоштара Мауленов Марат 2015-чу шарахь Шема дехьавелира шен доьзалца. Гергарчу Малхбалехь волчу цо кхечу тIемалошца цхьана Казахстанан Iедалшна кхерамаш туьйсуш, видеокхайкхамаш зорбане баьхнера. 2017-чу шарахь даIишхоша эшамаш ловра, шайн могIаршкара нах а леш. Дийна бисина зударий а, бераш а мухIажиршна ехкинчу каппашкахь дIатарбира.

Мауленов Маратан зудчо Нысанбаева Айгуля ца хаийтира, Шемахь шаьш Iийна меттиг. Цо дийцарехь, воккхахволу кIант Амангельды Нурдаулет вийра 2016-чу шарахь, ткъа кхуьнан цIийнда Мауленов Марат лурчаха вийра. Шен берех ка а тоьхна, хIара едда йоьдучу заманчохь курдойн гIаттамхойн караяхнера иза. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь "Жусан" аьлла лерина операци дIахьочу хенахь Шемара цIаялийра.

"ТХУНА ЦА МОЬТТУРА, ТХО ДIАЛОЦУР ДУ"

Казахстанехь шен кхо бер хеттарш дан тIекхайкхинчул тIаьхьа дIалецира боху Нысанбаева Айгуляс. Кху шеран Марсхьокху-баттахь кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу кIоштан кхело шен 19 шо долчу кIантана Амангельды Диасна 6 шо хан кхайкхийра боху зудчо, "терроризмна пропаганда ярна а, терроран зуламаш дар хьоьхуш, кхайкхамаш барна а".

Нур-Султанехь лаьцна ву цуьнан шолгIа 22 шо долу кIант Амангельды Абзал. Пхиъ, исс шераш долу ши кIант ненаца ву.

- Суна Iаламат хала ду кхунах лаьцна дийца. ГIора дисина а дац соьгахь. Итт бутт хан ю суна сайн кIант Абзал ганза. Шымкентехь цкъа аьтто хилира сан Диас ган. ЙоI а ю сан набахтехь. Сайн бераш дIалоцучу хенахь уьш стенна бехкебо аьлла, хатта а ца хIоьттира со. Сайца волу ши кIант буоберийн цIийне дIа а хьажийна, со кхеле ца озарна а баркаллаш бохуш, Iаш ю со, - дуьйцу Нысанбаева Айгуляс.

Казахстане шаьш цIадирзинчул тIаьхьа лецира боху цо шен йоI, "даIишхойх схьакхета бохуш, кхайкхамаш барна". Шемахь маре яханера Аида, ши бер дуьненчу а делира цуьнан, амма уьш кхелхира 7 бутт болчу хенахь.

- ЧIогIа кхоьруш Iара тхо. 2017-чу шарахь, тхо Шема кхаьчна 1,5 шо а даьллачу заманчохь, юхадахка лууш дара тхо. Казахстано тхо тIеоьцур дац, хIораммо а тхайгара бехкаш дохуш, тхайна тIе пIелгаш хьежорна кхоьрура тхо. Шина шарахь Iийра тхо оцу кхерамашца. Цигара тхаьш муха арадевр ду а ца хаьара. Дуккхаъ цигара арабовла гIертарш минаш тIехь лилхина меттигаш бара. Тхо курдойн карадахча, воккхахволу ши кIант тхоьх дIакъастийра. Набахтехь латтийра и шиъ. Казахстане схьакхаччалц соьца яра йоI а, жимахволу ши кIант а, - дуьйцу зудчо.

Шаьш Шемара даймахка даьхкича дIалоьцур ду ца моьттура шайна боху Нысанбаевас.

- Нах санна Iен а, даха а ойла яра тхан тхешан даймахкахь, тхешан лаьттахь. Жимахволу ши кIант ву соьца. Цхьаъ школе волавелла, важа цIахь ву. ХIоьттина со. Шемахь тхо хиларна хIораммо а тхайгара бехкаш дохуш санна хета суна. Ас массаьрга а тхайна гечдар дехна, тхайца къинхетаме хилар а дехнера. Кхин хIун дан деза ас?, - боху зудчо, бIаьрхиш а Iенош.

Шемарчу даIишхоша хьайн доьзал балош дIавола аьлла, шен цIийнда Iехийнера боху Айгуля. Шен ваша Мауленов Марат кхалхар хала лов цуьнан жимахволчу вашас:

- Доккха гIалат даьллера Маратера Шема дIавахна, сан цхьаъ бен воцу ваша вара иза. Хала мур бу оха кху заманчохь ловш берг. ТIаьхьий-хьалхий хенаш тоьхна сан вешин берашна. ХIора кхелера чохь са а доцуш юхайогIу сан вешех йисинарг. Цуьнан синна йина чевнаш йоьрзуш яц. Амма дан амал дац тхан, тхайна тIехIоьттинарг ца лайча ца довлу.

Стохка Товбеца-баттахь Казахстанан къоман кхерамзаллан комитето хаамбира, Гергарчу Малхбалехь тIом болабелчхьана Шема а, Иракъе а 800 гергга Казахстанан вахархо дIаваханера аьлла. Кху шарахь йолийначу "Жусан" операцин гурашкахь Казахстанан Iедалхоша Шемара цIа валийна 516 стаг, шайлахь 360 бер а долуш. Цхьаболчарна дуьхьал долийра бехкзуламан гIуллакхаш.

Казахийн Азаттык сервисан корреспондентан ИСА Диларин материал

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG