ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терроризман коьрта мостагI" Кадыров вацара антитерроран кхеташонехь


Шинарийдийнахь Пятигорскехь, Халкъан антитерроран комитетан куьйгалхо, ФСБ-н директор Бортников Александр коьртехь а волуш, дIаяьхьира комитето шен рогIера кхеташо. Цига баьхкинера Къилбаседа Кавказан мехкийн массо а куьйгалхой, амма вацара Нохчийчоьнах жоп луш волу Кадыров Рамзан, хаамбо Iедална герга ларалучу "СКФО Telegraph" телеграм-канало.

Нохчийчоьнан цIарах кхеташонехь дакъалаьцна премьер-министра Хучиев Муслима. Амма йоьду кхеташо гойтуш, Антитерроран комитето шен сайте даьхначу суьрташ тIехь вац иза гуш, ткъа гайтина массо а тIегулбина даьккхинчу суьрта тIехь.

Къилбаседа Кавказерчу куьйгалхошна оццул беза ларалучу бараме Кадыров цавахар – иза наггахь а хуьлуш доцург ду. Прессо яздора, могуш вац Кадыров. Бакъду, ша вина де даздечохь (кху беттан 5-чохь) вон гуш вацара куьйгалхо.

"СКФО Telegraph" телеграм-канало хьалхо даржийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "дIовш дала гIортарх" лаьцна. Бохура, операци кечйинарш бу Устрада-ГIалин мэран даржера вохийна Темирбаев ИбрахIим а, мехкан полицин министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти а, Хьалха-Мартан кIоштан куьйгалхо Абдурешидов Валид а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG