ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шегара шолгIа зуда йитинехь а, кхечарна йиъ яло магадан гIерта депутат


Солтаев Мансур

Кху деношкахь Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатан а, республикан куьйгалхочуьнгахула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан а декъашхочо Солтаев Мансура хьийхира, Оьрсийчоьнан масех регионехь шалха зударий кхийлар низамца чIагIдан деза аьлла. "Кавказ.Реалии" порталан къамел хилира Солтаевца.

- Дахначу кIиранах ахь дIахьедира, Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь шалха нускалш кхийлар низамца магийта дезаш ду аьлла. ХIун бахьана ду ахь и хаттар хIинца айдаран?

- Цкъа делахь, со ала мел гIиртинарг журналисташа харцахьа дерзийна. ШолгIа аьлча, бусулбачийн мехкашкахь ца аьлла ас, бусулбанаш алсам бехачу регионашкахь аьлла. Ишта дIаязделахь.

ХIаъ, ас ишта аьлла. ХIунда аьлча, бусулба ма ду тхо, мел хIуъа дийцарх а, шозза а, кхоазза а, доьазза а зударий ма балабо оха. Тхан дино могуьйтуш ду тхуна иза. Бусулбанаш алсам болчу меттигашкахь, масала, ГIезалойчохь, Башкортостанехь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь а ю шолгIа, кхоалгIа, доьалгIа доьзалш болийна хIусамаш.

Нагахь санна, бусулбанашна бакъо лой, (ишта а, вуьшта а зударий балош ма бу цара) Оьрсийчоьнан Доьзалан кодексан низаман гурашкахь, тIаккха аьтто хир бу зударийн а, берийн а бакъонаш Iалашъян.

- Зударийн бакъонаш муха Iалашйийр ю оцу некъашца?

- Масала, хьо шолгIа зуда ю…

– ХIаъ, хуьлуьйтур вай...

– ТIе ма догIийла, масех зуда йолу и стаг ле. Ткъа цуьнан шолгIачу зудчун паспорт тIехь тоьхна мухIар дац, иза цуьнан цIартIехь яра аьлла. Веллачух ахча хIоттор дац цуьнан берашна тIаккха. Зудчун бакъонаш цигахь йохош юй? Тахана лелачу низамашца, ЗАГС-ехь регистраци йина яцахь, иза цуьнан зуда ца лору.

Массо а бусулбанаш а ма бац цхьатерра. Динна тIе а туьйжуш, цхьана ханна, хуьлийла и шарна, шина шарна, зударий балон божарий а нисло. Исламехь цара йохош ю зуда ялоран авторитет. Цхьана а юридикан статус ца хиларе терра, цхьа шо даьлча цара аратосу шайн зуда. Ткъа низамаш чIагIдахь, оцу стага ойла йийр ю, нагахь санна шега маре йола аьлла, зудчуьнга ша дехар дахь, шен хьалхарчу зудчун санна паспорт тIехь штамп оьшур ю-кх цунна а аьлла. Со хьан бухарчу зудчул а оьшуш ма яц эр ду цо а. Цундела, Оьрсийчуьрчу бахархойн, бусулбачийн бакъо хила еза шолгIа а, кхоалгIа, йоьалгIа а зуда ялон.

- Бусулба боцчу нахалахь цхьа алар ду, дукха зударий кхийлар – легалехь езарг латтор санна ду бохуш. Цу кепехь аьлча, Доьзалан кодексехь хийцамаш бича, ишта практика марзлур ю-кх.

- Оцу аларо йохош ю бусулбачийн бакъонаш. Тхо, бусулбанаш, Оьрсийчохь дукха ду, оха кхиош ю хIара пачхьалкх, тхан бух болу кхане ю, тхан кIенташа Оьрсийчоьнан дуьхьа шайн синош дIаделла тIемашкахь. Оха шолгIа, кхоалгIа доьзал болийча – легалехь езарг латтор ду и бохуш хилча, тхан бакъонаш хьашар ду иза.

Боккъал а динца болчу бусулбанаша шайн зударшна юкъахь нийсо латтайо. Масала, сайн хьалхарчу зудчунна ас йовлакх эцнехь, со декхар ву шолгIачунна а эца. Нагахь санна, ас цхьанна зезагийн курс еллехь, оццу мехах вукхунна а зезагаш дала дезаш ву со. Исламехь доьзалан бакъо ишта ю. Цо божарел а алсам Iалашбо зударий. "Зуда" боху дош цигахь хьалхарчу меттехь лаьтташ ду. Массо а бусулбанаш цхьатерра бу бохийла дац, хIунда аьлча, кIезиг бац царлахь, дино хьоьху а бохуш, шалха зударий кхуьйлурш.

- Нагахь санна, и практика низамашца тIечIагIъяхь, массеран а цуьнца лела дезар ма ду.

– Амма цо дуьхьалонаш йийр ю динах паспорт дина лелачарна. Шайна хазъелла зуда схьа а ялийна, иза кIорда ма йиннехь -дIатаса йиш хир яц цуьнан. Оцу ледарчу бусулба божарша талхош ду "полигамия" бохучу дешан маьIна. Амма суна ца лаьа "полигамия" кхунах ала, исламехь доьзалан институт ю-кх иза.

- Оьрсийчоьнан Конституцин кхело сацам тIеэцна 2007-чу шарахь ши зуда цIартIе яккхар доьхкуш. Ткъа хьан дIахьедарца цхьана муха догIу иза?

- ХIаъ, суьдо сацамбина ишта, амма тхан бакъо ма ю цунна латкъамбан. Бахархошна апелляци ян магош бакъо ю низамехь. Бусулбачийн интересашкахь и гIуллакх юха листийта некъаш карор ду тхуна.

- Хьо Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатин декъашхо ву. Оцу даржехь воллушехь, муха нисделла ахь и хаттар дийцаредаккхар?

- Нохчийчоьнца а, Оьрсийчоьнца а доьзнарг ду ас лелориг. Дукха нах бовлу соьца зIене и хаттар бахьана долуш. Цундела суна бухера дуьйна хууш ду цунах хетарг. Оцу некъатIехула со суо а чекхваьлла, со дуьхьал вац цунна.

Ас ца боху массара а шалха зударий кхийла беза. ШолгIа зуда яло дагахь волчо, ишта а ялор ю низаме а ца хьоьжуш. Цара ишта а, вуьшта а ялош ма ю. Вай кхеташ хила деза, уьш а Оьрсийчоьнан бахархой хиларх, церан бакъонаш вай Iалашъян езарх.

Доьзалан институтан авторитет йоьжна Оьрсийчохь. Дуккхаъчу оьрсийн регионашкахула лела со, генарчу ярташкахь доьзал беза а, мехал а хетар. ХIусамехь кхааннел а сов бераш а хуьлу церан. Амма яккхийчу гIаланашкахь хьал ледара ду, беран метта жIала, йа цициг даладо цигахь.

- Ахча цахиларна ду и. Кавказехь юккъерчу барамехь аьлча, I3-I5 эзар сом ду алапа.

- Ненан капитал ду юкъадаьккхина, берийн ахча ду луш, кхин а цхьа могIа социалан хьелаш ду латтош. Делахь проблема пачхьалкхан ю-кх, и хаттар коьрте ца деана царна. Сан да-нана гIишлошъярхой бара. Саратовхь вина, кхиъна ву со сайн йижаршца а, вежаршца а. I2 бер хилла тхан доьзалехь. 90-чу шерашкахь тхо кога-ирахIиттийна цара, тхоьга дешийтина. Мацалла цхьа а ца велла тхох. Оха, бусулбанаша, олуш ду: Дала яздиннарг хир ду. Цундела тхо ца кхоьру дуккха а бераш дуьненчу даха. Уьш кхион ницкъ хир бац бохург тхан дагахь а ца хуьлу. Оьрсийчохь бераш мацалла леш дац, нагахь санна, церан дай-наной телхина бацахь. Цундела ас кхайкхамбо, дуккха а бераш дай, уьш кхиаде аьлла. ХIунда аьлча, вайн пачхьалкх а, бахархой а кхион безаш бу.

- 2009 чу а, 20II-чу а шерашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийца долийра шалха зударий кхийлар низамца чIагIдан деза аьлла.

- Бакъдерг аьлча, ас тIаьххьара аьлларг суна сайна хетарг ду. Со Оьрсийчоьнан вахархо а, хIара пачхьалкх езаш бусулба а хиларе терра, ас хьехна ишта. ДIаязделахь ишта. ХIокху хаттарехь Кадыровс бохучунна догреза ву со.

- Юкъараллан палатехь хIун болх бо ахь?

– Масех комисси юкъахь ву со. Коммуналан а, гIишлошъяран а, некъийн а хеттарш дуьйцучу хенахь тIаьххьара дош ала бакъо ю сан. Ишта кегийрхойн комиссехь а, могушалла Iалашъяран а, социалан а хеттаршкахула йолчу комиссехь а лаьтта со. Со сайн амалца юкъаралхо, бакъонашларъярхо ву. I5 шо а ду ас адамийн бакъонаш ларъен. I3 шарахь лаьттира со Нохчийчоьнан Юкъарчу палатан декъехь. Адамийн бакъонаш – сан уггар а лазаме тема ю.

- Саратовхь ваьхначу хьуна хаа ма деза, оьрсийн юкъараллехь дукха зударий балор муха тIеоьцу.

- Со дукха дика кхеташ ву. Цундела йоллу оьрсийн юкъараллех жоп луш ма вац со. Со тIаккха нийса хир вацара. Цундела ма боху ас, бусулбанаш тIехсов бехачу регионашкахь чIагIдан деза. Суна дукха дика хаьа оьрсийн мехкарша и тIеоьцур доций.

- Кадыров Рамзанан маса хIусамнана ю аьлла хета хьуна?

- Суна ца хаьа. И Рамзан Ахматовичан шен гIуллакх ду. Цунах комментари айса ян еза аьлла а ца хета суна. Сайх эр ду ас.

- Маса зуда ю хьан?

- Цкъачунна цхьаъ ю.

- Нагахь санна, шолгIа зуда яло хьо тохавелча, хIун хетар дара хьан бухарчу хIусамнаннна?

- Дукха паргIат тIеоьцур дара цо. Ас динчунна реза ю иза, соьца ларам бу цуьнан. Цхьана хенахь шолгIа зуда яра сан. Цхьа мур баьккхира ас цуьнца. Цхьа а проблемаш яцара.

Интервью дIаяьхьнарг Филиппович Екатерина

Пайхамарна (Делера Салам-Маршалла хуьлда цунна) 5 эзар салават диллар тIедожийна нохчийн динан дайша хьукматийн а, урхаллийн а белхахошна. Шуна хIун аьлла хета, оьший нахана планаш а етташ, бертаза цу кепарниг тIедожон?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG