ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь дас къиза йиттина шен 7 шо долчу йоIанна


Талла долийна дас шен йоIанна еттар, хаамбо ГIалгIайчоьнан полицино шен Instagram-каналехула.

Несарарчу полицин кхиазхойн декъан белхахой бахана 39 шо долу вахархо волчу, шайн декъе вигина иза.

Да къерахилла ша шен 7 шо долчу йоIанна еттарх. Цо дийцина, шен догдатIийнера йоIа, цIавеъначу шена, петаран неI догIанца дIа а къевлина, схьа ца йоьллуш, аьлла. ЦIа чу ца валавелла да догIанаш схьадосту говзанчаш кхайкхича бен, ткъа чукхаьчча йиттина цо беранна шен "дог Iаббалц".

Карарчу муьрехь дас йоIанна динчу зенан тоьшаллаш кечдеш бу талламчаш. Церан жамIо гойтур ду беран дена хIун таIзар кхочу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG