ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан парламентан спикер шена кIинтIера ваьккхина цунна хьалхо лийначу гIалгIайн блогеро


ГIалгIайчуьрчу блогеро Гелисханов Мохьмад-Басира шена бехк цабиллар дехна Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочуьнга Даудов Мохьмаде («Лорде»). Оцу хьокъехь Даудовс яздо шен Instagram-ерчу агIонтIехь.

Маршо Радионо дийцира байначу баттахь Даудов шена лийначу блогерца юкъаметтиг къасто а вахана, ГIалгIайчоьнан дозанехь иза шена тIеваре хьоьжуш, цунна луьйш латтарх лаьцна. Блогерна цатайнера Даудовн шина махканна юкъарчу дозанех йолу позици.

Ца веара хIетахь шен довхо ган гIалгIайн жигархо. «Лорд» ша яьккхинчу, цул тIаьхьа яржийначу видео чухула Гелисхановна вон мел дерг а аьлла а, юхаваханера.

«Тахана веара иза со волчу Нохчийчоьнан парламенте шен деца Абу-Бакарца цхьаьна – Делах кхоьруш, кхетаме, оьзда стаг ву да. Цо ондда бехкбиллира воIанна. Мохьмад-Басира ша дохковаьлла ойла а ца еш дийцинчунна, бохура», - яздина «Лорда».

Тахана Даудовс яржийначу видеоца аз дац, гуш ду цо, стоьла тIе пурх куьг а детташ, шен довхочун деца шогга къамел дойла, корта а лестош лаьтта блогеран да. Уллехь вист ца хуьлуш лаьтта цуьнан воI. ТIаьххьара а вовшашка куьйгаш ло Даудовссий, Абу-Бакарий.

"Абу-Бакара дийцинчунна реза хилла со, Делан дуьхьа со кIинтIераваьлла Мохьмад-Басирна», - яздина «Лорда».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG