ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалин мэр лаьттина Мусаев Муса аравалийтина набахтера


Дагестанан коьрта шахьаран мэр Iийна Мусаев Муса тахана, кхаарийдийнахь, араваьккхина набахтера, хааамбина Маршо Радион ХIинжа-ГIаларчу Кировн кхелерчу хьостано.

Хьалхо Кировн кхело хенал хьалха мукъаваккха магийнера Мусаев, амма прокуроро орзе баьккхира и сацам. Тахана кхело юхадаьккхина прокуроран дехар, лаьцна Мусаевн агIо.

Стохка гурахь Дагестанерчу Советски кхело бехкевира шарахь гергга лаьцна кхобу экс-мэр шен балха тIехь даржо магочул а сов бакъо шена тIеэцарна. Кхелахочо Исаев Далгата 4 шо кхайкхийра цунна набахтин халачу хьелашкахь такха. Кхаа шарна дихкина ду Мусаевна пачхьалкхан даржехь хила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG