ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна ша муьтIахь ву боху "эладитанна" юкъа озийначех кхин а цхьамма


Абдурешидов Валид ("Кандагар")
Абдурешидов Валид ("Кандагар")

Хьалха-Мартан кIоштан куьйгалхочо Абдурешидов Валида Instagram-ерчу шен агIоне видео йиллина, ша "нохчийн къоман лидерна" муьтIахь хилар, "цуьнан духьа вала а кийча" хилар хоуьйтуш.

"Ас массарна а хезаш дIабоху, со вуьззина муьтIахь волу командин декъашхо ву, хилла, хир а ву регионан куьйгалхочун, нохчийн къоман лидеран Кадыров Рамзан Ахматовичан политика къобалъеш!" – Яздина Абдурешидовс, "Кадыровна тешнабехк бинчух летта вала кийча ву" ша аьлла тIе а тухуш.

Хьалхо прессехь даьржира, "Кандагар" (Абдурешидов) полицин хьаькамца Алаудинов Аптица, Устрада-ГIалин мэр Iийначу Тимербаев ИбрахIимца цхьаьна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дIовш даон дагахь лелла, аьлла. Мехкан куьйгалхочун пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис, иза бакъ дац, ша "эладитанашна комментареш ца йо", жоп делира даьржинчу хабаран хьокъехь шега хаттар динчу журналисташка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG