ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яккхийчу туьканашна юьстах йисина Кавказ


Гайтаман сурт

Нохчийчу а, ГIалгIайчу а, Дагестане а хIунда ца йоьлху сурсаташ духку федералан яккхийн туьканаш?

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:26 0:00
Линкана тIе


Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а, Дагестан а бен ца йисина Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказерчу республикашна а, кIошташна а юкъахь федералан сурсаташ духку туьканаш йоцуш. Цу кхаа республикашкехь яц махкахь шуьйра евзаш йолу "Пятерочка", "Прекресток" я "Магнит" цIераш йолу супермаркеташ.

Дустуш аьлча, 2 миллион 700 эзар стаг вехачу Ставрополан махкахь болх беш ю 225 "Пятерочка" а, 62 "Магнит" а, 7 "Перекресток" а супермаркеташ. 465 эзар вахархо волчу Кхарачой-Чергазийчоь ю 6 "Пятерочка" а, 21 "Магнит" а. Иштта хьал ду 700 эзар стаг вехачу Къилбаседа ХIирийчохь а. Цигахь болх беш ю 21 "Пятерочка" а, 34 "Магнит" а.

Амма 3 миллион вахархо волчу Дагестанехь а, 500 эзар гергга стаг вехачу ГIалгIайчохь а янне а яц федералан машанна юкъайогIу цхьа а супермаркет. Нохчийчохь ю Соьлж-ГIалин йистехь йиллина, коьртачу декъана Оьрсийчоьнан эскархоша сурсаташ оьцу цу кепара цхьа туька – гипермаркет "Лента".

Iедало йон новкъарлонаш

Цу кхаа республикехь цу кепара хьал хIоттаран бахьана лору говзанчаша Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а лелаш ша тайпа "ловзаран бакъонаш" хиларца.

Зубаревич Наталья Москох пачхьалкхан университетан профессор эномикан говзанча ю. "Цигахь гуш доцуш махбар даьржина ду. Супермаркетийн машанашна эвсаре болх бан хала ду цигахь. Цигахь уьш яц я кIезиг ю "шайчаьрга ахча даккхийта дезаш хиларна. Йохка-эцар лелораш "шайн нах" бу, царна ца лаьа пайда бекъа", - боху цо.

Дагестанера супермаркет
Дагестанера супермаркет

Кхушара бIаьста Кадыров Рамзана, ша Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоьттина 12 шо кхачаран жамIаш деш дIахьедар дира, Нохчийчохь бизнес лело хьакъ доллу хьелаш кхоьллина, ткъа цо "Iаламат доккха гIуллакх" дина аьлла.

"Бизнесна хьелаш кхуллийла дац вай, республикехь IиндагIехь олучу экномикан доккха дакъа а долуш", - элира дукха хан йоцуш Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира.

Экономика IиндагIера араяккхарх лаьцна дIахьедар дина ГIалгIачоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а.

Къилбаседа Кавказехь бизнес лело атта дац, боху Кавказ.Реалинна ша еллачу комментарехь коммерцин гIишлошна урхалла дечу RRG компанин векло Колокольников Дениса.

Къилбаседа Кавказехь федералан махбаран компанешна пайда хир бу-бац бохучуьнца а, логистикица а, кхечуьнца а боьзна кхерам буьсуш бу, аьлла хета цунна. Амма уггар хьалха цигахь сурсаташ духку туьканаш яьржина ца хиларан бахьана и сурсаташ цигахь баш оьшуш ца хилар ду, шаьш дийраш а долун дела, боху Колокольниковс.

Дагестан, харц "Магнит"
Дагестан, харц "Магнит"

"Пятерочка" а, "Перекресток" а кхин болчу супермаркетийн машанашна а урхалла дечу X5 Retail Group компанин зорбанан сервисо дийцарехь, керлачу регионехь туьканаш схьелларх лаьцна сацам бо, пайда хиларна Iаткъам бийр болу логистикан а, меттигерчу сурсаташ дечу компанешца юкъаметтиагш лелон а, кхин болу а аьттонаш тидаме а оьцуш.

Хасстоьмийн беш я харжам цахилар?

Говзанчашна хетарехь, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а Оьрсийчохь яьржина йолу яккхийн туьканаш цахиларан кхин цхьа бахьана а ду. Иза доьзна ду юьртабахаман менталитетца а, бахархой хIинцца динчу сурсташка а, хIинцца схьабаьхначу стоьмашка а, хасстоьмашка марзбелла хиларца а.

"Цкъа делахь, цу республикашкахь вуно дика кхиина юьртабахам бу. Иза дукха хенахь дуьйна схьадогIу хIума ду. Бахархоша шаьш кхиабо шайна оьшу массо а тайпа хасстоьмаш а, стоьмаш а. Уьш шаьш ма дарра, керла, экологин агIор цIена шаьш кхиийна сурсаташ ду. Ткъа технологически олучу регионашкара сурсаташ дохьучу супермаркетийн а, гипермаркетийн а аьтто бац уьш буьззинчу барамехь а, кхачаме кепехь а Къилбаседа Кавказерчу бахархошна дохка", - боху Колокольниковс.

Делахь а, "Кавказ.Реалиино" хаттарш динчу цу републикашкарчу бахархоша дийцира, шайна дика хир дара бохуш, нагахь шайн харжам бан аьтто хилча муьхачу туькаканара эцча дика хир ду сурсаташ бохучу хаттарехь. Цул сов дика хир дара, боху цара, шайн а аьтто хилча яккхийчу туьканаша мах охьа а боккхуш духкуш долу сурсаташ эца.

Кхачам боллуш Iамош а, лелош а буй ненан мотт Нохчийчохь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG