ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иза церан тIом бац"


17 шо долу Бекир Сулейман

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:20 0:00
Линкана тIе

Туркойн тIеман ницкъашна дуьхьал тIом бан реза ца хиларна курдийн тIемахоша тоьпаш тоьхна вийна 17 шаре ваьлла Бекир Сулейман а, цуьна Iаьрбийн къомах волу доттагI ал-Шакр Махьмут Iаьзиз а дIавоьллина Шемарчу ХIасакахI гIалахь.

19-чу бIешарахь хилла Кавказан олу тIом дIабирзинчул тIаьхьа махкахбевлла Шеман территори тIехь баха хевшинчу нохчийн тIаьхьенехь вара Бекир. Цуьнан доьзал бехаш бара Туркойчоьнан дозанца йолчу Рас-эл-Iайн эвлахь. Шемахь тIом балале хьалха оцу юьртахь бехаш бара кхин а эзарнаш нохчий. ТIаьхьарчу масех дийнахь цу меттигашкахь тIом беш бу туркойн тIеман ницкъаш курдийн герзаца лелачу тобанашца.

Нехан тIом

Бекир Сулейман вехаш вара ХIасакахI гIалахь. Рас-эл-Iайна веана хиллера шен гергарчу нахе хьажа-хIотта. ЦIеххьана тIемаш буьйлабелча цу эвлара аравала аьтто боцуш висина хиллера кIант.

Туркойчохь вехачу нохчийн журналисто Исаев Сасланбека дийцарехь, Бекир а, цуьнан Шемарчу Iаьрбех волу доттагI ал-Шакр Махьмут Iаьзиз а, кхин а 33 цу эвлара вахархочуьнца цхьана тоьпаш тоьхна вийна курдийн тIеман тобанийн декъашхоша. Бахьана хилла уьш реза цахилар туркойн эскархошца тIом бан.

Исаевс Кавказ.Реалиига бинчу хаамца, тоьпаш тоьхна цу нахана Рас-эл-Iайн эавлан йистехь ХIасакахI гIала боьдучу некъаца лаьттачу Эл-Сафахь цIе йолу ресторан хиллачу гIишлон чохь.

"Бекир а, Iаьзиз а дIалаьцнера курдийн тIемалоша Рас-эл-Iайнахь, Эл-Абра кIоштахь, нуьцкъала тIаме ваха реза ца хилла аьлла. И шиъ дIакхачийнера туркоша тIеман операци йолаяллалц боkх беш хиллачу ресторанан гIишлоне.

Верриг цига валийна хиллера 35 стаг. Бекир а, Iаьзиз вийна гIортанчу хIоранна шозза герз а тухуш. Iаьзизан гергарчу нахана карийна хиллера церан декъий. Цара уьш дIадаьхьнера Эл-Тамир эвла. Цигахь Бекиран дакъа дIаделира цуьнан гергарчаьрга", - дийцира нохчийн журналисто Исаевс.

Бекир вийна хилар тIечIагIдина Туркойчохь бехачу цу кIентан гергарчу наха а. Исаев дийцарехь, иза дIавоьллина ХIасакахI цIе йолчу гIалахь.

Дуьхь-дуьхьал латтар

2015-чу шарахь нохчийн журналист хиллера Шемарчу вайнах бехачу ярташкахь Рас-эл-Iайнахь а, Эль-Сафахьехь а. Цо дийцарехь, цу хенахь цу эвланашна кхераме берш бара, лулара территорешна Iуналла деш болу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан тIемалой.

"Къомах нохчийн а, гIалгIай а болу меттигера бахархой цу нахана дуьхьал лаьтташ бара шайна герзаца гIо деш болчу курдашца. Шемахь революци ялале хьалха Рас-эл-Iайнан юьртда а, хин кхачо яран системан куьйгалхо а, инженера а, дарбанан хIусаман коьрта лор а нохчийн къомах бара.

Цу эвлахь а, юьртана гонаха а долчу латтанашна Iуналле деш болу нохчий меттигера элита яра. Шемахь гIаттам иккхинчул тIаьхьа исламхой лоручу тобанех доглозуш болчу меттигерчу кегийрхойх цхьана декъо Шеман маьрша Армица цхьана арабехира цигара президентан Асад Башаран агIончаш.

Цул тIаьхьа Рас-эл-Iайн дIалецира курдийн тIеман тобанаша", - дийцира нохчийн журналисто.

Шеман Маьрша Армина цхьаболу нохчий тIехIиттар бахьана долуш оцу эвлара дIабахара нохчий, шайн юрт курдийн караяхча.

Царах дукхахберш дIатарбелира Рас-эл-Iайна 15 чакхарма йолчу луларчу вайнах бехачу Эл-Сафахь эвлахь. Курдаш цу чу ца бахабеллера, иза гоне лаьцнра, цхьана хенахь дуьхь-духьал лаьттира курдаш а, меттигера бахархой а.

Ханна бина машар

ТIаьхьо, курдашца барт а бина, шайн эвла Рас-эл-Iайна цIабирзира нохчий. Ткъа Шеман Маьрша Армин агIончийн баха ховша дийзира Туркойчоьнан территори тIехь йолчу курдаш бехачу Джейланпынар эвлахь. Нохчийн позицеш гIелйелира Рас-эл-Iайнахь маситтоза.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна юкъахь нохчий гучубевлча Гуьржийчуьра нохчех волчу Шишани Абу Муслима шен тобанца тIом болийра Рас-эл-Iайн дIалаца дагахь.

И бахьана долуш нохчийн кегийрхойх цхьа дакъа дIатарделира Эл-Сафахь эвлахь, шайн тIеман тобанаш вовшахтоьхна. Уьш реза хилира курдашца цхьаьнан "Исламан пачхьалкхана" дуьхьал тIом бан. Курдашца цхьаьна РаккахI гIала кхаччалц дIа а бахара уьш тIемаш беш.

Оццу хенахь курдаша кхоьллира шайн тIеман тобанашка мобилизаци яран система. Шемарчу ярташкахь беха нохчийн кегийрхой маьрша бара оцу системах, церан шайн ларбаларан тIеман тобанаш хиларна.

И хьал хийцаделира, Туркойчоьно тIеман операци йоло мегаш ю аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа, бохуш дуьйцу Исаевс.

"Нохчаша шаьш Туркойчоьнца цкъа а тIом бийр бац бохура, царна иза нийса ца хетара. Царна мегаш яра Асадан раж. Уьш цу махкахь кхиъна бара и раж а лаьтташ. Амма коьртаниг уьш юкъагIерташ бацара цигахь хуьлучу политикан хиламашна.

ДАIИШ-ца цара тIом бира и нах шайна кхераме хиларна. Коммунистийн тобанах дIакхетта суннатойн туркошца я Туркойчоьнан тIеман ницкъашца йогIуш йолчу Шеман Маьрша Армица тIом бан уьш лууш бац. Иза церан тIом бац", - дерзира журналисто.

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG