ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчохь некъан хьовзамехь велла 30 зияртхо


Кхааридийнахь СаIуда Iаьрбийчохь хиллачу некъан хьовзамехь мел лахара а 30 зияртхо велла аьлла, хааме даьккхина оцу пачхьалкхан могушаллин министралло. Ткъа полицин информацица, 35 ву велларг, яздо ТАСС агенталло.

"Эр-Рияд" хьостано хаамбарца, Меккана а, Мединана а юккъерчу боккхачу трасси тIехь хилла ю инцидент. Iумра дан боьлхуш хилла Азера а, Гергарчу Малхбалера а схьабевлла нах тIехь болу автобус кир дIасакхоьхьучу машенах кхеттачул тIаьхьа, цIе яьлла цунах. Верриг а 40 хилла автобус чохь. Ваьгна виъ дарбан цIийне вигина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG