ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь бисинчу кавказхойн зударша орца доьху


Туркойчоьно тIеман операци йолийначул тIаьхьа Шемахь хиллачу Къилбаседа Кавказерчу зударша шаьш кIелхьардаха аьлла. Дагестанера а, Нохчийчуьра а зударий бу Оьрсийчоьнан Iедалшка дехар динчарлахь, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Маршо Радионо яздира, кху беттан 9-чохь Туркойчоьно Шеман къилбаседанехь тIеман операци йолорах меттигерчу курдошна дуьхьал.

Курдойн тIемалоша куьйгалла дечу набахтешкахь хиллачу зударша шайн дахарна кхерам бу, шаьш тIеман конфликт юкъара арадахар дехна Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а Iедалхошка аьлла, хаамбина агенталле Дагестанерчу яхархочо Земфирас..

"Сан нус а, кIентан кхо бер а ду цигахь. Курдой Iайн-Iийсса олучу куьпара тIаьххьара арабевллачаьрца бу уьш. Карарчу хенахь туркойн карахь йолчу меттигехь бу уьш. Туркоша юург елла, хIусам а нисйина царна. 15 зуда а, 27 бер а ду цигахь", - дийцина зудчо.

Iайн-Iийсса куьпахь 12 эзар гергга стаг хилла, шайлахь 1000 зуда а, даIишхойн доьзалш а болуш. Курдойн Iедалхойн зерашца, 800 гергга стаг ведда цу каппашкара аьлла бара оьрсийн "Би-би-син" хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG