ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанерчу маьждигехь динчу эккхийтарехь нах байина, бу лазийнарш а


ПIераскандийнахь ОвхIанистанан малхбалерчу маьждигна динчу тIелатарехь мел лахара а 30 стаг велла. Нангарсхан провинцин губернаторан векало дийцина журналисташка, маьждиг чохь масех оьккхуьйтург хилла йоьллийна аьлла. Джавдара олучу кIоштахь хилла ду экстремистийн тIелатар.

Эккхийтар дича тIебоьжна маьждиган тхов. Меттигерчу наха дийцарехь, чухаьрцина хилла йоллу маьждиган гIишло. Провинцин кхеташонан депутато бахарехь, белларш боцурш а, 100 сов стагна чевнаш йина. Бусулбанаш ламазна моллас дIакхойкхучу юкъанна дина эккхийтарш. Джавдара кIошт овхIанхойн кхерамзаллан ницкъаша доладеш ю.

Iедална дуьхьал лаьттачу цхьана тобано динчу эккхийтарх жоьпалла тIе ца лаьцна. Reuters агентало билгалдаккхарехь, тIалибаш а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъашхой а жигара хьийза Пакистанца юкъахь доза долчу Нангархар провинцин дакъошкахь.

ООН-ан леринчу рапорт тIехь бинчу хаамца, тIаьххьарчу кхаа баттахь ОвхIанистанехь вийнарг а, лазийнарг а 4 эзар 313 маьрша вахархо ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG