ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Шемара эскарш Пентагоно Иракъе хьовсош ду


Шеман къилбаседа-малхбузера арадоху эскарш Иракъе дехьадаха Iалашо ю Вашингтонан. ТIеман министро Эспер Марка дина цунах лаьцна дIахьедар. Цо дийцарехь, буьйцурш бу 700 сов тIеман декхарш кхочушдийраш. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна дуьхьал тIемаш бийр бу цара Иракъехь.

Шеман SANA пачхьалкхан агенталло хаамбо, Iамеркан транспортан ковра кIирандийнахь Къилбаседа Иракъера Шеман территорина чоьхьаяьлла аьлла. Туркойчоьно тIеман операци дIахьочу дозан тIерчу Iамеркан тIеман базашна эвакуаци йийр ю цара.

Агенталлан зерашца, 100 гергга йоккха машен яра ковраца, уьш Iалашъеш улло яьккхина тIеман хадархойн дуьхьало а йолуш.

Ишта яздо, Шемарчу Алеппо а, Раккъа а провинцешкара Iамеркан конвой Иракъа боьдучу новкъайирзина йоьду аьлла.

Кху беттан 9-чохь тIеман операци йолийна туркоша Шеман къилбаседанехь курдашна дуьхьал. Хонкарас "террорхой
лору курдаш, ткъа Вашингтоно шайн агIончаш бу боху даIишца тIемаш бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG