Оьрсийчохь алсамдолуш ду кхача а, бедарш а эцан бен ахча ца тоьучу, еххачу хенахь лело хIуманаш эца аьтто боцчу нехан терахь. Иза алсамдаьлла 0,6 процентана, стохка хиллачуьнца дуьстича. ХIинца и терахь ду 49,4 процент.
Цунах лаьцна, Росстатана тIе а тевжаш, хаам бо РБК агенталло. Росстато дIахьедина "дикачу агIор тенденци" хиларх лаьцна, уггар къечу, кхача эца а бен ахча ца тоьучу нехан терахь лахдалар бахьана долуш.
Цу тайпа нах хIинца кхоалгIа дакъа ду Оьрсийчуьрчу бахархойх. Шена оьшу аьлла хета массо а хIума эца таро йолчу нехан терахь ду Оьрсийчохь 3 процент гергга. И гайтам цхьана шарахь кхин хийца ца белла.
Росстато дийцарехь, кхачанна а, духарна а бен ахча ца тоьучу нехан терахь уггар лекхара ду ГIалгIайчохь – 79% гергга. ШолгIачу меттехь ю Чуваши (70%), тIаккха - Ненцойн автонимин го а, Карснодаран мохк а – жимма 69 процентал алсам.
Кхачанна бен ахча ца тоьучу нехан терахь уггар лекхара ду Алтайхь – 37 процент.