ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов 3-чу секторан куьйгалхочун даржера дIаваьккхина Кадыровс


Кадыров Рамзан а (хьалхарчу планехь), Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а (хьалхарчу планехь), Даудов Мохьмад а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана керла куратор хIоттийна республикерчу кхоалгIачу секторан. Иза ву "Газпром межрегионгаз Грозный" компанин инарлин директор Баймурадов Лом-Iела. Хьалха цу даржехь вара республикан парламентан гIантда Даудов Мохьмад.

Шена чуйогIуш Кадыровн а, кхин болчу республикерчу хьаькамийн а доьзалш беха меттигаш юкъахь йолчу цу мехала секторна куьйгалла дечура Даудов дIаваккхаран бахьана хууш дац. Амма иза дале хьалха Кадыровс критика йинера цунна.

Гергарчу Малхбале ваханчура ша цIавирзинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо массерна а хьалха ша реза ца хилар хаийтира парламентан куьйгалхочо шех тешийначу секторехь бечу балхана.

Хууш ма хиллара, кхушеран Марсхьокху-баттахь Кадыровс йийкъира республикан территори 8 секторе, хIоранна куьйгалла дан шен юххера нах а хIиттош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG