Пхи стаг а вуьйш, Ростох махкахь нохчаша вовшашна герзаш диттина дахаран хьелашца доьзна дов далар бахьана долуш. Цунах лаьцна дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочун цу регионехь волчу векало Исраилов Iимрана, хаам бо ТАСС агенталло.
"Иза дахаран хьелашца доьзна дов ду. Уьш нохчий бу, бахам лелон ши субъект – инвестор а, болх бийриг а. Кхелашкахула къийсамаш бара церан, суна хетарехь, маситта шарахь дахделлера иза", - аьлла Исраиловс.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Ростох махкарчу урхалло бинчу хаамца, ГIадужу-беттан 22-хь 5 стаг вийна, 2 госпитале охьавиллина, Орловн кIоштахь, герзаш а детташ, дов далар бахьана долуш. Чернозубов кIотаран бахархошна юкъахь дар-дацар иккхина хилла даьхний дажо меттигаш бахьана долуш. Бехктакхаман гIуллакх талла долийна меттигерчу Талламан комитетан белхахоша.
Исраиловс дийцарехь, цу агIор церан дов доьрзур ду аьлла хеташ вацара цхьа а. "Жимма а хIума тусаделла хиллехь, цхьа а шеко а йоцуш, гергарчара а, махкахоша а, диаспоро а, векалалло а Iаткъам бийр бара хIоьттинчу хьолана", - боху цо.