ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь нийсо хир ю ала дегайовхо яц


2016-чу шарахь Дагестанехь лечкъийна, тIемалой хиллера уьш аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа Нохчийчохь байинчийн гергарчара Европан адамийн бакъонийн кхеле (ЕСПЧ) латкъмбина. "Кавказ.Реалиис" карладоккху цунах лаьцна.

Страсбурге дIакхачийначу кехат тIехь байинчу кегийрхойн гергарчара билгалдаьккхина, Европан адамийн бакъонех йолчу конвенцин масех артикл (вахаран бакъо), (къизаллаш ца магор), (кхачо йоллуш гIуллакх таллар) Оьрсийчохь йохийна хиларх. Церан интересаш ЕСПЧ-н кхелехь йовзуьйтур ю "Правовая инициатива" проекто а, "Агора" бакъонашларъяран организацино а.

Цкъачунна фильтрацин хьалхарчу этапах чекхдаьккхина чукхачийна арз – досьен лоьмар тоьхна, листа чуэцна аьлла, дуьйцу "Правовая инициатива" проектан адвокато Мацев Рустама.

"Цуьнах гIуллакх хир ду, кхиамца кхелахоша сацамбийр бу аьлла, луш гаранти яц арз чуэцарх. ТIаьххьарчу заманчохь Кхело бечу белхан терго йича, боккха кхиам бу аьлла хета суна кехаташ чуэцна, фильтрацин хьалхарчу муьрех чекхдаьхна хилар. И гIуллакх зерехь цара сихо йийр ю аьлла, дегайовхо ю", - аьлла адвокато.

Цо бахарехь, байинчу кегийрхойн гергарчарех волчу 27 стага куьйгаш яздина Страсбургерчу кхеле дахьийтинчу документашна.

Дагестанехь нах лечкъор

Хасав-Юьртара бахархой Магомедов Ислам, Махаев Пахрудди, Узданов Гашим, Каспийскера Джамалутдинов Шемал а къайлаваьккхира 2016-чу шеран Гезгмашин-беттан 28-чохь. Уздановн ден "Газель" олучу машенахь оцу дийнахь Хасав-Юьртара баьхкинера и кегийрхой. Вовшахкхетта Каспийске баханера уьш шайн накъост Джамалутдинов Шемал волчу. ЦIенош дечу Магомедовна маьхза цхьа тонн ах тонн цемент лур ю аьллера цо. Джамалутдиновн доларчу цехан белхалочунна гина уьш тIаьххьара, цемент машенна тIеюттуш гIо дина хиллера цо царна.

"Газель" тIехь Махачкала боьдучу новкъа дIаваханера Хасав-Юьртара веана кхоъ, ткъа Джамалутдинов шен "Тойотица" царна тIаьхьа ваханера. Оцу шаьш арабаьккхинчу новкъара юхабаьхкина бац кегийрхой.

2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Хасав-Юьртахь вайра кхин а виъ жимстаг. Царех кхоъ: Госенов Госен, Джамалутдинов Камил, Клычев Клыч а туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха лаххьийна дIабигинера, дуккхаъчу нахана а гуш. Клычевн ВАЗ-2114 машен тоеш хиллера уьш станцехь.

Оцу дийннехь, шен хIусамна гергахь лаьцна вигира Джамалутдинов Камилан шича Джамалутдинов Шемал. Каспийскехь вайначу Джамалутдиновца йогIуш ю цуьнан цIе а, фамили а, вовшийн гергара а вац и шиъ. Лачкъийначу бархIаннан а гергарнаш тешна бу, царех дукхахберш полисхоша бигина бу аьлла.

"Ницкъахоша шайна хууш дац боху царех хилларг. Оха биллинг а йинера, тхоьгахь тоьшаллаш ду, уьш байначу буса Шемалан телефон Iуьйранна диъ сахьт даллалц экстремизмна дуьхьало латточу Центран гIишло чохь хиларх. Ницкъаллийн структурашкахь шаьш и факт толлуш ду аьлла, дIахьедира тхоьга, амма цу хьокъехь кхин тхуна жоп делла дац цара – аьлла, дийцина Каспийскехь вайначун дейишас Джамалутдинова Гулизара.

Махачкалахь масийттазза митинг хIоттийра байинчийн гергарчара, цул тIаьхьа Каспийскерчу а, Хасав-Юьртарчу а Талламан комитеташа бехкзуламан гIуллакх даьстира дагестанхой лачкъийна бигарх.

"Сан кIант лачкъийначул тIаьхьа тхан кIоштан полисхой эха боьллера тхоьга. Царех цхьаммо элира соьга, уьш кхуьй а Махачкалахь ву, дийхира сан кIентан масех сурт а, цуьнан документаш а. Са ма гатде, хеттарш дина схьавоуьйтур ву элира сан кIант. Со Iехийна хиллера цара", - боху Клычевн нанас Светланас.

Нохчийчохь лерина операци

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедарца, 2016-чу шеран ГIадужу-беттан 8-9-чу дийнехь Гуьмса кIоштахь лерина операци дIаяьхьнера, бархI гIаттамхо а вуьйш, виъ полисхо а лазош.

Дагестанера схьайогIу ши машен сацон гIоьртинера некъан полисхой, церан кехаташка хьовса, амма машен чуьра схьа герзаш детта буьйлабелира, тIаккха шаьш дуьхьал герзаш диттина, уьш байира аьлла, чIагIдо ницкъаллийн урхаллехь. Машенаш яьгнера, беллачийн декъий а довза йиш йолуш дацара.

ТIаьхьо, генетикан экспертизаш йинчул тIаьхьа, къаьстира, хьалхо байна лоруш хилла Джамалутдинов а, Махаев а, Госенов а, Клычев а, Магомедов а, Узданов а уьш хиллийла.

Церан гергарчара тIе ца дуьту, шайн бераш делла хилар. Полисхошна тIелатар дарца а, бакъо йоцуш герз лелорца а аьлла, шайн доьзалхой бехкебеш, Нохчийчохь талла долийна гIуллакх дIакъовлийта а дуьхьал бара уьш. Нохчийчохь а ца толлуш, шайн берийн гIуллакх Дагестанерчу кхелехь листар тIедожийра цара, луларчу республикехь нийсо лелор яц аьлла хеташ.

Ахмедова Юлия, "Кавказ.Реалиин" корреспондент

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG