ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь гIалгIаша Iазап хьегар


ГIалгIайн студенташкара кехат

Шаьш набахтера арадахийтархьама КъахIирехь лецначу гIалгIайн студенташа кхайкхамбина, Мисарарчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха митинг хIоттае аьлла.

Плиев Рамазан а, Чемурзиев Исмаил а, Аушев Илез а, Дзейтов Iела а шо сов зама ю набахтехь латтон. Уьш лоцучу дийнахь дIалаьцначу цхьана студентах- Дугиев Хизирх хилларг хууш дац хIинца а. Экстремизм лелорна бехкебина гIалгIайн студенташ.

Хоуьйтуш дац, билггал стенца, хIун экстремизм ю цара лелийнарг. Йа талламчаша а, йа кхело а официалан цхьана а кепара документ дац гойтуш йа церан гергарчарна а, йа шайна лецначарна а, ур-атталла, адвокатна ал Мисри Халидна а.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденте аьлла юристо, гIуллакх чолхе ду, кегийрхой маьршабаха хIуммаъ атта хир дац аьлла.

КъахIиран урамашкахь
КъахIиран урамашкахь

ГIиргIазойх схьаяьлла Салиходжаева Зулхумор а ю цаьрца доьзначу гIуллакхна юкъахьекхош.

Зудчун йоккхахйолчу йоIа Фатимас хаамбарца, 40 шо долчу Зулхуморан 5 бер ду. Нана цхьана йоцуш Мисарара дIабаха таро яц церан.

Стохка Марсхьокху-беттан 18-чохь лаьцна ю Салиходжаева. ГIалгIайн студентех лаьцна хеттарш дина хилла цуьнга. Цуьнан телефон чохь цхьахволчу гIалгIайн студентца къамелаш дина карийна Iедалхошна. Трюфелан мутт эца гIертачу хенахь социалан машанехь карийнера шена цуьнан телефонан лоьмар аьлла, кхетийна хиллера зудчо. Ткъа мутт эца йоьдучу хенахь полицино дIалаьцна иза.

Фатимас дийцарехь, ши шо хьалха баьхкина хилла уьш Мисара, Iарбойн мотт а Iамош, жимахдолчу берашна дарба а лохуш. Исламан Ал Азхар университете деша Iалашо йолуш хилла Фатима. Шен ненехула хаьа шена боху цо, виъ гIалгIа ледарчу хьелашкахь латтош вуйла а, царна лоьран дарба кхачош цахилар а. Чемурзиев зорхан даI даьлла ву, Аушев а цомгуш ву.

ГIалгIай юкъахь болчу цхьана тобанехь хилла бохуш, шена бехкаш дохкий хиъна Салиходжаевна. ЙоIа бахарехь, кхелахой тешаш бац талламчаша шен нанна дохкучу бехкех, цундела юх-юха 45 денна хан дIаяхъеш, чохь латтош ю иза.

Ишта оццу бехкаца вуьйцуш ву Мисарара ши вахархо а, кхин цхьа стаг а. КхоалгIачух лаьцна хууш хIума дац Салиходжаевна. Мисаран Iедалхошкара комментарий эца аьтто ца болу йа зорбанийн а, йа КъахIирерчу оьрсийн консулаллан а. Дипломатийн векалто шайн бакъо яц боху талламна юкъагIорта, ишта цхьана а кепара информаци ца кхачайо шайга боху Iедалхоша.

Стохка Мисарарчу набахтехь гергарнаш латтийначу Байсултанов Гусейна, лаьцначех хаам Iора ца балийтар – Мисарахь юкъара хIума ду боху.

"Сайн лаьцна шича могуш а, дийна а юй, иза чохь латтон меттиг а суна хиъначул тIаьхьа, бевзачу Мисарарчу наха олура соьга: ахь стенна сагатдо, хьуна хьайн шичех дерг хиъна, кхузахь адамаш тIепаза дов. Набахтехь сан гергара нах гучубовлале, бутт баьхьира ас цаьргара кост доцуш. Метигерчу бахархоша олура: "Хьуна хьайна ма гира уьш полицино дIабуьгуш!" Царна хетарехь, хьан буьгу а хууш, бигинехь, ас сагатдан оьшуш дацара.

Массо а нах юкъаозийнера ас, хаамийн гIирсашка информаци лора ас, хIора боккхучу когах журналисташна хоуьйтура, бакъонашларъярхошца вара со зIенехь. Ситуацех зорбанашкахь дийцарна а, хаамашкахь жигаралла хиларна а, сайна гIо хилира аьлла хета суна. Оьрсийчу депортаци йира царна", - дийцина Байсултановс.

ГIалгIайчуьрчу омбудсмено Оздоев Джамбулата дIахьедина, лецначийн гергарчаьрца латтош уьйр ю шен аьлла. Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Мисарахь талламан барамаш дIахьош бац, лецначара мацалла кхайкхийча, уьш карцер чу боьхкина хиллера.

Омбудсменан аппаратан цIарах кехаташ кхехьийтина федералан Iедалхошка, гIалгIайн студенташ цIаберзош гIо доьхуш. Оздоевс дийцина, Мисарахь дIалаьцна хиллачарех цхьаъ цIавало аьтто белира шайн аьлла.

Материал язйинарг Михальченко Лидия, "Кавказ.Реалии"

Хьажа комменташка

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG