ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Исламах муха хилла «мостагI»?


Кадыров Рамзанна байташ яьхнера Кадыров Ислама...
Кадыров Рамзанна байташ яьхнера Кадыров Ислама...

КадыровгIеран исторехь дуьххьара ду «шайниг» хIаллаквеш

КадыровгIаьра жоп лучу Нохчийчохь лаккхарчу даржашка вохуш лелийна волу Кадыров Ислам, дукха нах цец а бохуш, ваьккхина зуламхочун «дарже».

Бакъду, Кадыров Рамзанан тобанерчу кхечу декъашхошка ма-кхаччара кхаьчна дара хьаькамалла цуьнга а.

2009-чу шарахь долийра, жима воллушехь, иза даккхийчу даржашка хийшор. Оьрсийчоьнан исторехь уггаре къона мэр вира 25 шо долчу Исламах. Пайде хилла цунна, ша мехкан куьйгалхочун маьхчин воI хиларал а совнах, цуьнан зудчун, Кадырова Меднин, йишин йоI ялор а. Я хIиттийна хила мега Ислам даржашка, цуьнгахь баккъал а цхьа корматалла а карийна. Цунах дерг тахана цхьа а маьIна дац дийца.

Генна дIа йовза йолаелира Кадыров Исламан цIе блогер-оппозиционер Абдурахманов Тумсо ша цуьнгара лайна аьхзалла гезъяха волавелча. Соьлж-ГIалин цхьана урамехь, шен машенахь воьдуш, маж бахьанехь, салфийа ву, аьлла, сацийна Абдурахманов цунах бIаьрг кхеттачу мэро Кадыров Ислама. Оцу дийнахь лачдаьлла Тумсон дахар - шен доьзал а, нана а, ваша а эцна, махкара вада дезна цуьнан.

2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь, ша Абдурахмановца къамелдеш, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада элира: «Ислам тахана вац болхбеш цхьаьнхьа а, я Iедалхо а вац».

Кадыров Ислам Нохчийчоьнан куьйгалхо вен дагалаьцна хиллачийн декъахь хилла мега, яздира шен материалехь «Керлачу газето» («Новая газета»). Цо дийцарехь, Исламан телефонаш тIехь йолчу книги тIера схьа а язйина, Кадыров Рамзанан мостагIашка цуьнан телефон елла Исламан гергарчу цхьамма (Яхиханов Валида). Мехкан куьйгалхочо бакъдира ша вен гIортар, цул тIаьхьа гIаттийна бехктакхаман гIуллакх. Нохчийчуьрчу талламчийн версица, Кадыров Рамзан вен Iалашо хIоттийнарш бу вежарий ЯмадаевгIар.

Iораваьккхинчул тIаьхьа, хезаш хилла а воцу Кадыров Ислам цIеххьана мехкан телеэкранехь гучуваьккхира, шина а куьйгах хьерчийна кисеш а долуш.

Бацара битамаш Ислам даржера дIавокху ала, амма Охан-беттан 25-чохь Кадыров Рамзана яздира шен инстаграмехь, «низамхойн урхаллех жоп луш хилла Iедалан кабинетан куьйгалхочун гIовс Кадыров Ислам дехьаволуш ву низамхойн урхаллашка», аьлла. Амма ца яздинера, стенга билггал дехьавоккхуш ву Ислам.

«Кавказ.Реалиигахь» йолу информаци юьхьаръэцча, Кадыров Ислам, мехкан куьйгахочунна а ца хууш, финансашца шена ма-тов лелар ду, гарехь, цунна дуьхьалдаьккхинарг.

«Цуьнгара массо а хIума дIадаьккхина, ша Iедалехь Iаш цо мел гулдинарг», - бохура хIетахь хьостано.

ТIаьхьо мелла а бахам шен долахь бита, бизнес лело магийра цунна Кадыров Рамзана – ягориг юхку станци.

Амма кхин вацара Ислам Кадыров Рамзанна гергахь. Инстаграме суьрташ а дохкуш, ден маьхчица гергарло меттахIотто гIиртира иза – 2017-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 27 дийнахь Мархийн бутт тIекхачарца декъалвира цо Рамзан. Амма цул тIаьхьа, кхин а цхьа-ши пост а хIоттийна, дIакъевлира шен Инстаграмера агIо-аккаунт.

«Грозный» телекомпанино, ша Кадыров Ислам Iоравоккхуш, ца дуьйцу иза мэран даржера дIа ца ваьккхинийла - низамхойн урхаллех жоп лучу вице-премьеран меттера вохинийла (деза лоруш ду и дарж, ца тешадо иза «доьзална» уггаре уллерчунна бен).

Кадыров Исламан хьал да хьоьгур воцуш дуйла хаийтира «Грозный» телегойтийло деношкахь, мехкан куьйгалхо Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца Малхбалехула лелачу юкъанна. Хьовсархой цецбехира телеканало ша Кадыров Рамзан гойтучу сюжетехь цхьаьна нисвеллачу Исламан юхь леррина дIакъовларца.

Ткъа селхана Грозный» телекомпанино гайтина видео йовзуьйтуш къамелдечо гезйоккху хьаькамера къизалла: электрошокерца ток етташ, зударий Iадийна хьийза Соьлж-ГIалахь мэр ша волчу муьрехь Кадыров Ислам, наханна тIе доцурш кхуьллу цо, цадинарг дина ала, динарг дареде, бохуш, мохь хьоькху, Iазап латтадо цаьргахь.

Программа дIахьочо бахарехь, телеканало видео Iедале дIаелла, Кадыров Ислам жоьпе озавайта. Иза а ду Нохчийчохь керла хIума: тележурналисташа шаьш къизаллех долу тоьшаллаш низамхошка дIакхачийна алар.

"Кавказ.Реалиино" видео хьокъехь къамел дира Нохчийчоьнан Iедалерчу хьостанца. Экс-мэро лелийна къизалла гойту сюжет телеканалехула Iораяккха магийнарг Кадыров Рамзан ву, цуьнан гоно цкъа хьалха дийцаредира, муха, маца иза дIагойту, цул тIаьхьа йовзийтина нахана, боху тешо.

Видео гайта стенна эшна? Оцу хьокъехь дукхахболучарна хетарг цхьаъ ду: Кадыров Рамзан нийсонан да ву, цунна хийраниг а, гергарниг а бен вац, нагахь санна иза харцо лелош гучуваьллехь, боху ойла ю ночашлахь яржош.

«Инстаграмехь» оцу видеона буха массарел хьалха «лайкаш» хIиттийначаралахь нисвелла, ша а нах хьоьгучу хьолехь воцу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти. Махкахь дуьйцу, иза ша а ву Кадыров Рамзанан «куьйга кIел» нисбеллачаралахь, цундела гIерта цунна хьалха «цIанвала», бохуш.

Кадыров Ислам жоьпалле озоро хийлачу хьаькамна хоуьйту шегара хьал тешаме доцийла. Гарехь, эрна а дац иза – кестта «баккхий хийцамаш» хила мега Кадыров Рамзанан гонехь.

Кадыров Исламан некъ:

  • 2006 шо – Нохчийчуьрчу полицин эскаршкарчу "Терек" декъехь шен белхан оьмар дIайолайо цо;
  • 2009 шарахь хIоттаво – Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча;
  • 2010 шо – Майраллин орден;
  • 2011 шо - Кадыровн орден;
  • 2012 шо, юьхь – Соьлж-ГIалин мэран хьалхара гIовс;
  • 2012 шо, юкъ – Нохчийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс, бахамаллин, лаьттах доладаран министр;
  • 2012 шо, чаккхе – Соьлж-ГIалин мэр;
  • 2015 шо - Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхо;
  • 2016 шо – министрийн кабинетехь вице-премьер, жоп ло низамлардаран урхаллашца а, муниципалитеташца а йолчу зIенех;
  • 2017 шо, бIаьсте - дIавоккху массо а даржашкара, цхьана ханна латтаво цIера аравала бакъо йоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG