ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом боьдуш лачкъийна сурт дIаделла нохчийн музейна


Нохчийчоьнан къоман музей
Нохчийчоьнан къоман музей

Москвахь Третьяковн галерейхь официалан церемони хилла Нохчийчохь тIом боьдуш лачкъийна хилла Головин Александара (1863, Москва1930, Детское Село) дилла «Портрет Е.Татевосяна в бедуинской повязке» (Бедуинан йовлакх тиллина Е. Тетевосянан портрет) цIе йолу сурт Нохчийн Республикан къоман музейна дIалуш.

Цигахь дакъалоцуш бара пачхьалкхан Третьяковн галерейн инарлан директор Трегулова Зельфира а, Нохчийчуьрчу къоман музейн директор Асталов Ваха а.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, суртдиллархочун Головин Александран "Бедуинан йовлакх тиллина Е. Тетевосянан портрет" цIе йолу сурт Соьлж-ГIаларчу музейн хилар хиинчул тIаьхьа Третьяковн цIарахчу галерейн гайтаман юкъардаьккхинера иза.

Цул тIаьхьа Головинан сурт эцначу стага сацам бинера иза Нохчийчоьнан Республикан къоман музейна дIадала. Цунах лаьцна хаам бинера Третьяковн галерейн зорбан сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG