ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

The Washington Post: Iамеркан Иракъера эскархой юхабирзина Шема


Iамеркан эскархой Шемахь
Iамеркан эскархой Шемахь

Иракъерчу къилбаседехь дIатарбина хилла Iамеркан эскархой юхабирзина Шемарчу Дейр-эз-Зор провинце, хаам бо The Washington Post газето, шен хьастанашна тIе а тевжаш.

Юьш цига дехьабохуш бу Пентагоно "Исламан пачхьалкхан" тIеман тобанех цигара мехкадаьтта доккху меттигаш ларъяран хьалхо дIакхайкхийначу планаца а догIуш.

Газето къамел динчу Цхьанатоьхначу Штатийн бюйранчаллан векало дийцарехь, Шеман малхбалерчу территори тIехь дIатарвийр ву маситта бIаь Iамеркан эскархо, амма батальонал а кIезиг.

The Washington Post газето билгалдоккху Iамеркан эскаран батальонехь 800-1000 эскархо хилар.

Iамеркан президенто Трамп Доналда хIара кIира долалуш дIахьедар дира, ша дагахь хиларх лаьцна Шемара дерриг а эскарш арадаха. Амма президенто ши тIетохар дира шен дIахьедарна. Царах цхьаъ ду мехкадаьтта доккху меттигаш ларъяр, ткъа важа - Шеман кхечу регионехь эскарш дитахьара аьлла Израило а, Урдано а дина дехар.

И шиъ дIадаьккхича цхьа а бахьана цо го шайна Шемахь Iамеркан эскархой латто, элира Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG