ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кху беттан юьххьехь яхкийтинера суна и материалаш». Кадыров Исламах йолу видео шега кхаьчна дикка хан ю, боху Абдурахманов Тумсос


Соьлж-ГIалин мэр ша волчу заманахь Кадыров Ислама наханна электрошокерца ток етташ гойту видео яржийра Нохчийчуьрчу «Грозный» телеканало деношкахь. YouTube машанарчу шен эфирехь оппозиционеро-блогеро Абдурахманов Тумсос дIахьедина, и видео шегахь йолу бутт гергга хан ю аьлла. Амма шен иза гойтийла дацара, иза шега елла стаг Оьрсийчохь мел ву, боху блогеро.

Материалаш шегахь юйла хиича бен ца яьхна уьш Iора Нохчийчуьрчу телевизионо, чIагIдо Абдурахмановс.

«Дукха хан йоццуш сан эфирехь соьга хаьттира: «Тумсо, кадыровхоша зударшна етта аьлла хетий хьуна?» Ас элира: «Ца хета – хаьа еттийла, ас шуна кестта иштаниг довзуьйтур ду». Оцо кхетийна уьш материалаш соьгахь юйла», - дийцира цо.

Абдурахмановна хетарехь, видеоматериал шегахь хилар гучудаларо декхаребина Нохчийчуьра хьаькамаш Кадыров Рамзанан гергарчу стага нах къиза хьийзийнийла сихха дIагайтайта.

КIирандийнахь "Грозный" телекомпанино шен YouTube-канале хIоттийра телерепортажехула гайтанза йисина 8 сахьтах йолу видео – Кадыров Ислам нахах лиэташ, тIечехаш яьхна эпизодаш яра уьш. Амма ша интернете хIиттийна цхьа сахьт даьлча дIаяьхна уьш цигара телекомпанино.

Маршо Радионо йовзийтира «Грозный» телеканало Нохчийчоьнан куьйгалхочун маьхчин воIас Кадыров Ислама, ша Соьлж-ГIалин мэр волчу хенахь нах хьийзорах лаьцна яржийна видеоматериал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG