ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхан культурехь ду вовшашна гIо дар"


Нохчийчуьра "Хайра" гӀоьналлин фонд
Нохчийчуьра "Хайра" гӀоьналлин фонд

"Хайра" цIе йолу гӀоьналлин фонд кхоьллира Нохчийн Республикехь Хьалха-МартантIехь 2013-чу шарахь, гIийла бохкучу нахан гIо дан ойла кхолаеллачу кегийрхой бахьана долуш. Цу хенахь дуьйна цунах хилла Къилбаседа Кавказехь а яккхийчерах цхьаъ. Шаьш болх бечу цу шерашкахь цара гIо дина эзарнашна доьзалшна а, студенташна а, заьIапхошна а.

Кавкаказ.Реалиин корреспонденто къамел дира фондан куьйгалхчуьнца Ахмадов Минкаила. Цо дуьйцу шайн балхах а, тIейогIучу хенахь кхочуш дан юьхьарлаьцначух а лаьцна.

- Минкаил, мила вара "Хайра" фонд кхолла дагадеанарг? Муха кхоллаелира и идея?

- Вовшашна гIо дар а, гIортор яр а тхан культурехь ду. Мегаш дац, бала а боцуш, стаг витина тIехваьлла дIаваха, иза гергара вацара аьлла. Диканиг дан лаам хиларна тIера доладелира дерриг а.

Тхан фондан истори йолаелира суна вевзачу цхьана стага соьга хаттар дича, цIахь гулйелла дуккха дика бедарш мича дIалур яра-те аьлла. Оха ерриг а бедарш, схьа а гулйина, дIасадаржийра мессенджершкахула уьш оьшу доьзалш лохуш ду тхо аьлла.

Дукха сиха дIасаяьхьира оха гулйина хIуманаш. Эццехь тхо кхийтира, оха цхьаьнаметта маситта дика хIума деш хиларх – бедаршна шолгIа дахар далар а, таро йоцчу нахана гIо дар а. Цул тIаьхьа, тхайн накъосташца и хаттар дийцаре а дина, дагалаьцнарг кхочушдан дуьйладелира тхо, и дан дог догIуш хилар а бен кхин аьттонаш а боцуш.

Тхо дуй хиъча наха тоьрмигашкахь бахьара кхача а, бедарш а, мачаш а. Сан цIа дуьзнера царах. ТIаккха оха сацам бира тхуна цхьа чоь дика хир яра аьлла. Тхайгара шай-кай вовшахтоьхна 5 метар шуьйра, 5 метар еха а хир йолу чоь а эцна, цига дIадаьхьира оха гулдинарг. Амма оха лелочуьнан чулацам шорбелира. Дуккха а вовлонтераш богIур тхо долчу.

Цул сов, цхьаъ оьшуш богIучу нахаца цхьаьна, оьшучарна гIо дан лаам болуш цхьацца хIума йохьурш а богIура. Тхайн чоь оццу тIекIелдинчу цIа чохь оха хийцира, дийнна этаж схьа а оьцуш. Амма дукха хан ялале и чоьнаш а кIезиг а хилла дIахIиттира тхан фондана. 2013-чу шарахь оха офис схьайиллира Соьлж-ГIалахь, цул тIаьхьа Гуьмсехь.

- Тахана хIун проекташ кхочуш еш ду шу?

- Тайп-тайпана проекташ ю тхан "Хайра" фондо кечйина, ерш йийца дукха хан оьшур ю. Амма, коьртаниг аьлча, уггар ира проблемашна тхайн тидам тIебахийта гIерта тхо: гIо до кхачанан сурсаташца а, бедаршца а. Ахча гулдо оха молханаш эца, заьIапхошна тайп-тайпана гIирс эца, цхьацца операцеш яйта.

"Дархошна цӀий лург ву со" программа ю оха кхочуш еш. Иза болх беш ю дийнахь а бусий а, цхьа а мукъа де а доцуш (24/7). Иза уьйраш латтош ю дарбанан хIусамашца - сихха дархочун цIий оьшуш меттиг еача, нагахь иза дарбанан хIусамехь дацахь, тхан волонтераша социалан машанашкахь йолчу шайн тобанашкахь сихонца кхайкха дон цунах лаьцна, цIий лург лохуш.

"Шен гIуллакх" проекто гIо дон адамашна шен долара бизнес кхио, я цхьа гIуллакх Iамо, корматалла караерзо, олуш ма хиллара, оха чIерий луьйцу гIирс оьцу, ткъа цара чIерий луьйцу.

Нагахь цхьаъ курсашкахь деша лаам болуш велахь, цуьнан аьтто бацахь, оха цунах дIало ахча. ТIейогIучу хенахь цу стеган, болх а карийна, аьтто хила мега шен доьзал кхаба. Амма цу тайпа шаьш когаирахIиттийна ца Iаш, юхабогIу уьш тхо долчу, кхечунна гIо дар Iалашонца, шена иза дина ма хиллара.

Болх бо оха боберашца, царна цхьацца мероприятеш вовшахтухуш а, самукъадоккху программаш кечйеш а, школашкахь а, университеташкахь а дешаран книжкаш а, йозанан гӀирс а оьцуш а. Цхьана дашца аьлча, тхайн ницкъ берг дерриг а дан гIерта тхо.

- Стенца къаьсташ ю шуниг Кавказерчу кхечу гӀоьналлин фондех?

- ДIоггар баш къаьсташ хIума а дац фондашна юкъахь. Церан юкъара лаам хилар ду, оьшучарна гIо дан. Цо до тхох адамаш. Бага даханарг олуш санна хаза мега хIара, амма оха цхьанна куьг кховдийча, оха тхаьшна гIо до – тхаьш динарг бахьана долуш дагана там хуьлу тхуна. Диканиг билгало йолуш ду адам дикачу ойлане дерзийна ца Iаш, цунна гонах берш а дикачу ойлане берзош.

- Кхоьллина дукха хан яцахь а, ерриг а республикехула офисийн маша кхоьллина аш. Оццул сиха кхиа аьтто муха белира шун?

- Суна хетарехь, юкъараллин ойланехь стагах лаьцна хетарг бахьана долуш ду иза, адамийн хьоьга тешам хилар ду иза. Тхуна хаьа муха мотт каро беза административан органашца а, университеташца а, школашца а, лоьрашца а, студенташца а – тайп-тайпанчу юкъараллин дакъошца.

Тхох хIора а чекхваьлла дахарехь хIиттинчу халонех, ткъа хьуна уллехь цхьаъ хилча, хьуна гIортор еш цхьаъ хилча, белш гIортон стаг хилча, и халонаш лан а хуьлу дуккхазза а атта. Тхайна тIевеанарг цкъа а дIа ца эккхийна, тесна ца витина оха. Адамаш Iехалур дац. Адамашна гуш хуьлу хьан болх а, цу белхан жамIаш а.

- Дуьненаюкъарчу тIегIанехь проекташ кхочушъян дагахь дуй шу?

- Тхо дагахь дац иза дан цхьана бахьанаца – кхузахь дуккха а нах бу хIинца а тхан накъосталла а, гIортор яр а оьшуш. Тхайн цIахь проблемаш кхочуш йинчул тIаьхьа, олуш ма хиллара, тIаккха кхечу мехкашка даха а мега тхо.

- "Хайра" фондан белхахойх лаьцна алахь. Муьлш бу уш?

- Тайп-тайпана корматтала йолу 25-35 шераш долу кегийрхой бу тхан белхахой. Царах дукхаха берш хьалха цкъа а цхьана а фондехь болх бина бац. Цхьаъ куьйга цхьацца гIирс дIахIоттош а, иза то беш а болх беш хилла ву, важа мебель юхаметтахIотторхо ву, шен цIахь доьзалан хьашташ кхочуш деш хилла цхьа белхах а тхан, студенташ а бу тхуна юкъахь. Таханлерчу денна тхох схьакхетта ву эзар гергга волонтер. Уьш богIу тхо долчу шайн мукъа хан хилча, дакъалоцу цхьацца проекташкахь.

- ХIун идейш а, планаш а кхочуш йина шун фондо?

- Книга ю оха лелош тхаьш дийриг тIе дIаяздеш. 2013-чу шарахь дуьйна меттигерчу Iедалшца цхьаьна 4 тIай тодина оха, 2 маьждиг а дина, цхьа маьждиг тодина. Халчу муьрах чекхволучу 15684 стагана кхачанан сурсаташ ду латтош.

Социалан гIортор йина 115 студентана. 2000 стагагах хилла дархошна цӀий лург. Чохь оьшу техника а, мебель а елла 300 стагана. 3742 бобер а, церан верас а дакъалоцуш бу "Вайн бераш" проектехь, иштта дIа кхин а. Иза оха дина дац, иза динарш бу тхох тешна оьшучарна гIо дан лиъна нах.

- "Хайра"фонде гIо доьхурш республикера бахархой бен бац, я Оьрсийчуьрчу кхечу регионашкара нах а хуьлу царна юкъахь?

- 90% тхайн ницкъ а, хьуьнар а оха тIедерзийна махкахошна, вуьшта аьлча, вайн республикерчу нахана гIо дарна. Амма дуккха а нах бу тхоьга дехарш деш кхечу регионашкара.

Юккъерчу Азера белхахой а бу, Украинера а богIу, гIо хьажадо оха Дагестане а, ГIалгIайчу а тхайн коллегаийн дехарца. Цаьргара гIо кхочуш меттигаш а яьхкхина тхуна. Уьйраш латтайо оха, гIо до, дера, вовшашна.

- Кхин дIа хIун планаш ю фондан?

- Тхан планашкахь ду Нохчийн Республикехь ломаца йоцчу хIора кIоштахь офис схьаеллар. Рчу яоташка гIо дIакхачо вуно хала ду, хенахIоттаман а, некъашца доьзна а хьелаш бахьана долуш.

2025 шо тIекхачале массанхьа а филиалаш хила езаш ю тхан. Ткъа цигарчу администрацешца цхьаьна цу кIошташкахь таро йоцчу доьзалшна социалан хьашташ кхочуш деш гIо дан дагахь ду тхо. Иза ю тхан йоккха план, республикан муьлхха а меттехь гIо оьшучун иза дIакхачо аьтто хилийтар. Догдоху иза дерриг а хиларе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG