ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ажигова Iайша шен ненаца йита сацамбина кхело


Ажигова Iайша, дейишас айпе йича берриг а мохк орцах а баьлла, Москох дарба дан йигина йолу гIалгIайн йоI, кхидIа ехар ю шен ненаца Евлоева Лидица.

Оцу хьокъехь хаамбина Оьрсийчоьнан берийн омбудсмено Кузнецова Аннас. Хьалхо йоьIан цхьана ханна верас къастийра Iедало ГIалгIайчуьра берийн тергоечу урхаллин куьйгалхо Чахкиева Зарема.

И информаци бакъ ю, ша ГIалгайчохь а ю карарчу ханна, йоьIаца кест-кеста телефонехула йист а хуьлу, элира Маршо Радиога йоьIан нанас Евлоевас.

Ши бутт хьалха лоьраша ца бевлла дIадаьккхира йоьIан айпедина аьтту куьг а, белшан меже а. Цунна дарба лелочу Москварчу берийн хирургин, травмотологин институто кху баттахь этIийна Iайшин аьрру куьг. Иза толуш ду, боху лоьраша.

Биъ бутт хьалха Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, 7 шо долу Ажигова Iайша Несара дарбанцIийне кхачийра, дагийна дегIан чкъор а, кегйина, яхкаяла йоьлла меженаш а йолуш. Де даьлча йигира Москва. Беран дейишина Ганиева Маккина тIебаьхьира, шена хаа хууш, ларамца вешин йоьIана зулам дарна бехк. Талламо бахарехь, зудчо йиллина етташ хилла Iайшина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG