ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хин доцчун министралла?


Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министр Кузнецов Лев а (аьрру агIорхьара шолгIа), Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а "Ведучи" курорт схьайоьллуш. 26Дечк2018г.

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:10 0:00
Линкана тIе


Къилбаседа Кавказерчу инвестицийн проекташна анализ а йина, синтеме доцу жамIаш дина Оьрсийчоьнан лараран чоьно. Гучудаьлларг ду 2017-2018-чу шерашкахь кхочушъян езаш хиллачу 27 проектах чекхяьккхина 9 а бен цахилар. Ледара ду бюджетера йоцу инвестицеш карорца доьзна гIуллакх а. 2017-чу шарахь дагалаьцначу хиллачу ахчанах гулдина 22%, ткъа 2018-чу шарахь – 36%.

Цуьнца цхьаьна федералан бюджетера цу проекташна хьажийна 5,5 миллиард сом, ткъа 2019 шарахь делла кхин а 2,4 миллиард.

Оцу ахчанах 577 белхан меттиг кхолла а бен аьтто ца баьлла. Иза беламе терахь ду, Росстато Къилбаседа Кавказан федералан гонехь 532 500 болх боцу стаг вагарвина хилар тидаме эцча.

ДоггIучура аьлча, шен министраллан отчеташкахь и терахьаш кхин ду. Царца а догIуш, 2017-чу шарахь кхоьллина 1936 белхан меттиг, ткъа 2018-чу шарахь – 3316. Цу кепара, гуш дац инвестицин климат тоялар а, кхиаме инвестицин проекташ кхочуш йина хилар а.

Къилбаседа Кавказан федералан го кхиорна жоьпаллехь ю Къилбаседа Кавказерчу гIуллакхашкахула министралла. Иза кхоьллира 2014-чу шарахь, ткъа тIаьххьалц цунна куьйгалла деш вара Оьрсийчоьнан президентан администрацехь болх бина Iедалхо, Генарчу Малхбалехь вина Чеботарев Сергей.

Министраллан официалан Iалашонашна юкъахь ю Къилбаседа Кавказан федералан гонехь леррина программаш кхочуш еш дечунна координаци яр. 2017-чу шарахь и министралла акционер хилира цу гонехь кхоьллинчу "Курорты Северного Кавказа" а, "Корпорация развития Северного Кавказа" а юкъараллийн.

Инвестицеш хьажо регион томехь хилийтар Iалашонца дуккха а шерашкахь бинчу белхан ларш каро вуно хала ду. Министралло сих-сиха цхьацца мероприятеш дIахьо, масала, туризман бизнесан векалш Эмираташка бигар, Кавказерчу халкъийн куьлтуран а, спортан а фестиваль, кхачанан фестивалаш.

Иштта дIакхийкхадо цхьацца тIе тидам бохуьйту дан дагалаьцнарш. Масала, минералан хина тIехь, ма дарра аьлча, монополи хIоттор.

Ткъа дукха хан йоцуш, масала, Чеботаревс Москох евзаш йолчу ArtPlay галерейхь схьабиллира Кавказерчу суртдиллархойн гайтам. Бакъдерг дийцича, кхеташ дац регионерчу суртдиллархойн похьма гайтаро муха гIо дийр ду экономика кхиарна.

Министралло еш йолу отчеташ вуно ледара ю. Уьш дIатарло кехатан 25 агIонехь, шайна юкъахь сурташ а, чулацамах яздинарг а долуш долуш.

Масала, 2017-чу шарахь йинчу отчетех "Туркластер" декъехь 3 могIа бу нохчийн ломан салазийн курортах "Ведучех" лаьцна, жимма алсам - Архызах а, Эльбрусах а. Тха хаамийн дисина дакъа ду дийр долчух лаьцна деклараци санна хIоттийна.

Экономистана Дохолян Сергейна "Кавказ.Реалии" корреспондентца къамел деш дага ца еара министралла кхоллинчхьана кхиамца чекхъяьккхина цхьа а проект.

"Цу ерриг хенахь йина Дагестанехь-м яц, чекхъяьхна хьовха, тIечIагIйина проекташ а. Хабарш дукха дуьйцу, коьртачу декъана юьртабахаман комплекс а, туризм а кхиорах лаьцна, амма цкъачунна дерг цхьана меттехь ша долччехь лаьтташ ду. Цхьа а хIара ю аьлла а, ца аьлла а инвестицин проект суна дага ца йогIу", - боху Дохоляна.

Цунна хетарехь, министралле жигара ца баккха белла регионехь совдегаран а, инвестицин а болх,хилларш а яра цхьацца меттигерчу бизнесхоша кховдийна проекташ.

"Хаттар - бакъдан оьшуш дуй-те и министралла оьшуш хилар? Вайн яц Юккъера Черноземье олучу регионан министралла я Уралан проблемашкахула йолу министралла. Генара Малхбале ю, амма иза баккъалла а хала хьал ду, цигахь оьшуш хила а мега иза", - боху экономисто.

"'Корпорация развития Дагестана' ю. Вуно тамашена компани ю иза, цхьа а эвсаралла яц, амма вуно дукха ахчанаш хьажийна цига, кхеташ дац царах хIун дина", - билгалдоккху Дохоляна.

Цу тайппа хьал ду "Корпорация по развитию Северного Кавказа" компаница кхолладелларг а. Планаш дуккх а ю. ТIаьххьарчерах ю, 2021-чу шарахь кхочуш дан планехь хилла Таркхойн хIордехула круизан кеманаш лелийтар. Амма иза дисина декларацин тIегIанехь.

"Министарш хийцало, декларацеш юьсу. Наггахь дIахьожу хьо – министр керла ву, ткъа цо вистхуьлуш йоьшу текст цул хьалха хиллачуьнан санна ю. Со реза ву лараран чоьно дуьйцучун. Схьахетарехь, ладоьгIуш хила а мега министралло ша хилар, мухха дина а, хабарца а ца деш, баккъалла а бакъдийр хиларга", - боху экономисто Дохиляна.

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG