ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н латкъамца гIуда тоьхна "Мемориална"


"Мемориалан" гIантда Черкасов Александр
"Мемориалан" гIантда Черкасов Александр


Москварчу Тверан кIоштан кхело 300 эзар сом гIуда тоьхна "Мемориал" бакъонашларъяран центрана, "кхечу пачхьалкхийн агентех" низам кхочуш ца дарна, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Бахьана ду Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) ГIалгIайчуьрчу урхалло "Мемориалан" цу республикерчу декъан фейсбукерчу агIонехь хаам бац и вовшахтохар "иноагентийн" реестрна юкъахь хиларх лаьцна аьлла, латкъам бар. Цунах лаьцна пIераскан дийнахь хаам бина "Мемориалан" гIантдас Черкасов Александара.

Адвокаташ дехар динера кхеле "Мемориал", жоьпаллах хьалха а яккхий, уггар лахара барам болу гIуда тохахьара аьлла. Бакъонашларъярхойн суьдехь гӀо лоцу агӀоно билгалдоккху, махкал арахьара ахча лон Iедалх йозуш йоцу вовшахтохараллаш "кхечу пачхьалкхийн агенташ" санна регистраци ян декхарелахь яр, аьшне хӀума хилар.

"Мемориало" шен болх бо Оьрсийчоьнан махкахошна дика дан", - аьлла ду цу центран сайта тIехь.

Цхьа кIира хьалха "Мемориал" дуьненаюкъарчу вовшахтохараллана а, цуьнан урхаллан гIантдена Рачинский Янна а гIуда туьйхира 400 эзар сом оццу административан артикалехула ФСБ-н ГIалгIайчуьрчу урхаллан дехарца.

Протокол хIоттийнера Роскомнадзоро, "Мемориалан" гIалгIайн декъан ютьюб-каналехь хIора материалана тIехь билгало яц иза "кхечу пачхьалкхан агент" хиларх лаьцна аьлла. Кхелан кхеташонехь Роскомнадзоран векало чIагIдора, цу гIуллакхо "йохайо хаамаш схьаэца йолу адамийн бакъонаш" бохуш.

2012-чу шарахь Оьрсийчохь тIеэцначу "кхечу пачхьалкхийн агентех лаьначу" низамца царах дIатоьхна 150 сов коммерцица йоьзна йоцу вовшахтохаралла а, зорбан гIирс а. Царна юкъахь ю "Голос" ассоциаци а, "За права человека" болам а, Коррупцица къийсам латто фонд а, "Iазап лелорна дуьхьал комитет" а, Маршо Радио а, "Настоящее Время" телеканал а, "Iамеркан аз" а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG