ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ан керла куьйгалхо- ал-ХIашеми Аби ИбрахIим


КIира хьалха вийначу шен лидерах ал-БагIдади Абу Бакрах бисина меттиг «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано белла ал-Къураши ал-ХIашеми Аби ИбрахIиман кара, яздо The Washington Post газето.

Керла куьйгалхо хаьржина ДАIИШ-ан Консультативан кхеташоно ал-БагIдади кхелхинийла хиинчул тIаьхьа, боху WP тIетевжинчу аудионо.

Терроризмна дуьхьаллаьттачу эксперташна хетарехь, керлачу лидеран цIе псевдоним хила тарло.

Гарехь, ХIашеми – иза даIишхоша шайлахь тиллина цIе ю, хаамбина ВВС радионо.

ДАIИШ-ан керлачу куьйгалхочух кIезиг ю информаци – дIахьедаро бахарехь, «Iеламча», «жихIадан ветеран» ву иза. Ша Къурайшин цIийнах ву боху ал-Къурашис. Дин девзачара дийцарехь, Пайхамаран тIаьхьенах хила везаш ву ДАIИШ-ан «халиф».

Ал-БагIдади Абу Бакр кхалхар бакъдира деношкахь дуьххьара ДАIИШ-на гергайолчу Amaq агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG