ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гадаев Мохьмад-Салахь. Вешега

Chechen Mountains
Chechen Mountains
Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:02:43 0:00
Линкана тIе


Гадаев Мохьмад-Салахь

Вешега

1

Вовшех нах хьегаран барз хуьлуш хилча,
Вайшинниг баьрзашлахь сов хир бара.
Вовшех дог Iийжадар терзанца хилча,
Терза а вайшинниг дазлур дара.
Орцанан мохь боцуш, вайша садеттахь –
Яхь йожо йиш яцар ду.
Хиллачийн бахьанаш вайшинга хеттахь –
Замано уьш дуьйцур ду.

Амма хьо,
Кхаьжнашлахь вайшинниг декъаза ларий,
Цуьрриг а холча ма хIотта:
Хьегарца бустало
Вежаршкахь лаьттачу марзонан барам,
Хьегар вайн дан ма ду шортта.
Хьегарах барз хуьлуш хилча,
Вайшинчух лам хир бара.
Iийжавар терзанца хилча,
Пуьнтийн чот – рагI хир яра.

2

Кхоьру со, кхоьру со,
хьол тIаьхьа висна,
Даг тIехь сайн дагарна цкъарг,
Диллина Iеначу
дуьрчу цу хишна
ЦIийбелла Iийжарна бIаьрг.

ТIаккха со хьоьжур ву
саццанза гонах –
Массанхьа лоьхур ву хьо.
ГIийла гIулч йохур ю,
воьттина вонах,
Кхераме кхача тарло.

Кхоьру-кх со, хьол тIаьхьависна,
Кийрахь сайн Iийжарна стим.
БIаьргаха Iеначу хишна
Велла со хьийзарна жим.

3

Хьоьга а хIуттур ду-кх
изза сурт нийсса,
Сан валар хьол хьалха хилахь.
Дахаран некъашкахь
цхьана а висна,
Логехь шад кхоьхьур бу-кх ахь.

Цунна ду аьрхалла
кхалхарехь суна.
Кхидериг ас тергал дац.
Лан ца луш, новкъа ду
новкъа дерг хьуна,
Хьох лазар кхачо тигац.

Сан валар чIогIа ма къала:
Хьалхарниг соьгахь ю рагI.
Нахала гIийла ма вала:
Ишттаниш лайна бу нах.

4

Воьлла со-м сайн хьолах,
Воккхавер доцчу.
«Зовкхаша» хьега а вац.
Сайх воьлхуш, бIарзвелла
хьийзачу цулла,
Хьуна бен бIаьрг а лашац.

Ницкъ ма бе хьайна ахь селла:
Сайн мохь ас атта хьош бу.
Вахарехь мерза ца лелла,
Верзаре хьаьжна Iаш ву.

This item is part of
XS
SM
MD
LG