ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ислама шена гечдар дехна


Ша Соьлжа-ГIалин мэр волчу заманчохь электрошокерца зударшна ток йоьттуьйтуш, тIехь ницкъбеш видео Iораяьллачул тIаьхьа, Кадыров Ислама шена гечдар дехна. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан журналистца Ахмадов Чингизца хиллачу къамелхь дина цо цу кепара дIахьедар.

Маршо Радионо яздира, регионерчу Талламан комитетехь кхаа сахьтехь Кадыров Рамзанан маьхчин воI, Iедалан даржашкара мукъаваьккхина волу Кадыров Ислам леварх. Оцу хьокъехь хаамбинера «Грозный» телеканало, видео яржийна "Чп /Грозный" телеграм-канало.

"Со бехке ву 100 процентна. Сайгара даьллачух таIзар лан кийча ву со. Амма бакъду, ахчана дуьхьа, йа цхьа зуламечу ойланца лелийна дац ас и хIумнаш. Аферисташа Iехийначу нахана гIо дан Iалашо яра сан", - аьлла Кадыров Ислама.

Масийттазза машенахь некъабохамашкахь лазийна ву ша, цундела амална чехка ву ша аьлла, кхетийна цо шен тIех шога леларх.

"29-зза наркоз елла ву со. Хьайна дарба а леладе, реабилитацех чекхвала бехира соьга, амма суо нийса лелаш хетара суна, айса нахана гIо до а моьттура. Кадыровн гонахарчу цхьана стага ша ишта гайта ца везара. Сайна хьалха а цхьана юьхьIаьржа ву со",- аьлла мэр лаьттинчо.

Кадыров Рамзанна кIелоечаьрца ша хилла бохуш, зорбанашкахь яздийриг бакъ дац аьлла цо.

2012-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц Соьлжа-ГIалин мэр вара Кадыров Ислам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG