ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эльджаркиев волуш лецначарна тIехь Iазап латта дора"


Эльджаркиев ИбраьхIим

ХIун хаьа Москвахь вийначу гIалгIайн "Э" центран куьйгалхочух

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:13 0:00
Линкана тIе


Кху беттан 2-чу дийнахь Москвахь вийна ГIалгIайчуьрчу экстремизмана духьало йон центран (ЦПЭ, "Э" центр) хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим а, цуьнан ваша, цу гIалахь вехаш волу нейрохирург Эльджаркиев Ахьмад а. Цу шинна тапча йиттира Академикан Анохинан цIарахчу урамехь долчу цхьана цIенна хьалха.

Вежарий ЭльджаркиевгIар бойуш яьккхина видео сихонца дIасаяьржира социалан машанашкахь. Москох кхайкхийра "Перехват" операци, амма тIелатар динчу нехан аьтто белира кIелхьарбовла.

И зулам дарна карарчу хенахь лоьхуш ву 3 стаг. Ши ваша вуьйш дакъалаьцна хила мега бохуш хьехош ву кхин а 9 стаг, хаам бира шолгIачу дийнахь ТАСС агенталло. Коьртачу версица, тIелатар даран бахьана ду Эльджаркиевс шен балхахь лелийнарг.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экстремизмана духьало йон Центран ГIалгIайчуьрчу урхаллан куьйгалхо хIоттийра Эльджаркиев ИбраьхIим 2016-чу шарахь ГIуран-баттахь, цул хьалха цигахь хьаьким хилла Хамхоев Тимур Iедалша лаьцначул тIаьхьа.

Хамхоев а, цуьнан куьйгакIеллахь болу белхахой а бехке бора кхерамаш туьйсуш ахча даккха гIертарна а, лецначу нахана ницкъ барна а. Кхел йина 7 шо колонехь даккха дIахьажийра Хамхоев.

Хамхоев Тимур
Хамхоев Тимур

Кхушера Дечкен-баттахь герзаца тIелатар динера Эльджаркиевна машенахь иза вогIуш. И бахьана долуш вийра цхьа стаг.

ГIалгIайн журналисто Евлоева Изабеллас Фейсбукехь бинчу хаамца, и тIелатар динчул тIаьхьа Iедало ларвеш а, гIагIдиллинчу машенахь дIасалелаш а вара Эльджаркиев ИбраьхIим. Цундела цу стагана тIелатар дина Москвахь, боху цо.

Эльджаркиев "Э" центран коьртехь волуш а хаамаш кхачара цу цигахь адамашна тIехь Iазап латтош хиларх лаьцна. Иштта шена цу наха ницкъ бина хиларх лаьцна латкъам бинера меттигерчу вахархочо Албогачиев Iабдул-Малика.

ГIарделира боксах латархочун Хамхоев Альбертана тIехь цу центран белхахоша Iазап латтийна хилар. Цара нуьцкъала бехк тIелацийтинера цуьнга герз латторна а, тIемалошна гIо дарна а. ТIаьхьо спортхо чувоьллира герз латтийна аьлла.

Эльджаркиев дика вовзара Хамхоев Альбертан адвокат хиллачу Караваев Александарна. Цо дийцарехь, гIалгIайн "Э" центрехь лецначу нахана еттара, хьийза бора уьш электрошокерца ток етташ, ткъа церан хьаькамо Iаткъам бора таламхошна, шен "карамарзбина чалтачаш" кIелхьара бохуш.

Цуьнан белхахошна дегаза ца хетара бехк боцучу нахана герз а тесна, бехке а бина, уьш кхеле дIахьовсор. Изза хилера ас кхелехь гIо лоцучуьнца а. Эльджаркиевн белхахочо кхелехь дIахьедира, Хамхоевна тапча теснера шаьш аьлла. Иза динера цара "Э" Центран куьйгалхочун омра кхочуш деш, дийцира Караваевс Кавказ.Реалии корреспонденте.

ГIалгIайн "Э" центрехь Хамхоевна тIехь Iазап латтийнера боху адвокато. "Ша аьлча, иза динарг вара Центран белхахо Овада Андрей. Овада Талламан комитетехь дIалоцучу хенахь цига Эльджаркиев кхаьчнера, "зен хиллачуьнца, кхин уллехь стаг а воцуш, къамел дайта шега, дерриг а дIанислур ду тIаккха" аьллера цо. Эххаре а и хаттар дIадерзийр. Овада висира шен даржехь", - дуьйцу Караваевс.

Москвахь Эльджаркиев вийна меттиг
Москвахь Эльджаркиев вийна меттиг

Хамхоев Альбертан гIуллакхехула кхелехь левеш эхь доцуш лелара Эльджаркиев, деррриг а шен карахь долуш санна, билгалдоккху Караваевс: "Суна хетарехь, шена цхьа а таIзар дан стаг вац моьттуш вара иза. ТIаьхьо соьга а, Хамхоевн кхелехь гIо лоцучу кхечу сан накъосташка а хаамаш кхачара Эльджаркиев тхуна Iаткъам бан некъаш лоьхуш хиларх лаьцна, гIалгIайн "Э" центрехь хуьлург нахала ца даккхийта.

"ХIинца цуьнан гергарчарна ирча хьал хIоьттина, къаьсттина цуьнан ваша а вер бахьана долуш. Царах дог лаза мегар ду. Амма иза вацара я сий долу стаг а, я турпалхо а. МогIарера "эшник" вара иза. ЧIогIа шех бIобулуш вара. Цундела версеш миллион хила мега: республикехь масарна а хаьа меттигерчу полицино муха болх бо", - элира Караваевс.

Цу юкъана, жимачу республикехь "массерна а массерах а дерриг а хаахь а", социалан машанащшкахь Эльджаркиев верх лаьцна хаам собаре тIеэцна. "Дала гешт долд, - яздо дуккха а ГIалгIайчуьрчу бахархоша.

"Нейрохирург хилла кIант верна халахетарх кхета со, амма аш вехь а, со кхеташ вац "Э" центран хьаькам вер хьокъехь халахеттачу нахах", - эргIад вуьйлу Москох веха гIалгIа Кодзоев Борис. "Тамашийна нах ду шу, кийча ду шу муьлхха а боьхачу стагана делха, нагахь иза гIалгIа велахь", - яздина цо шен комментарехь. Цуьнан пост шайна тайна хилар хайийтина иттаннаш иза ешначара.

Талламан комитето хаам бина вийначу шина вешина лаххара а 10-зза тапча тоьхна хиларх лаьцна. Видеона тIехь гуш ду цу шинна дийна висина хилахь а аьлла кхин цкъа а герз тухуш. И шиъ вер таллар шен Iуналле эцна Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG