Нохчийчуьрчу Шелан кIоштахь луьстур долуш ду оьрсийн эскархошна тIелатар дарх бехкзуламан гIуллакх. Кхелан пресс-гIуллакххоша REGNUM агенталле хаийтарехь, бехккъасторхой юкъахь а болуш, Шеларчу кхелан тIегIанехь толлуш долу дуьххьара гIуллакх ду иза. Бехкебечарлахь ву Таушев Арслан а, Кошманбетов Расул а. 84 эскархо а вуьйш,виъ лахавеш тIелатар дарна кхеле озийна ву и шиъ. Бехккъасторхошка шайн гIуллакх къастадайтар дехнера шаьш бехкебечара. Церан лаамна жоп деллачу кхело кху шеран Гезгмашин-беттан 30-чохь вовшахтоьхнера тешамечу векалийн комисси.
Маршо Радионо яздира, Шуьйтан кIоштахь Улус-Керт эвлан лаьмнашкахь Хаттаб коьртехь волчу тIемалошца цхьаьна Таушевс а, Кошманбетовс а кIело а йина, тIелатар дина хилла аьлла, Инарла прокуратурано Iорадаккхарх.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!