Малайзица долчу дозанерчу Таиландан къилбехьарчу Яла провинцерчу постехь (КПП) хиллачу кхийсаршкахь мел лахара а 15 стаг вийна, веанна чевнаш йина. Цкъачунна динчу зуламах жоьпалла цхьаммо а тIелаьцна дац. ТIаьххьарчу заманчохь хиллачех уггар а буьрса тIелатар ду иза аьлла пачхьалкхан Iедалхоша. Меттигерчу сепаратисташа дина тIелатар ду аьлла, шеконаш ю паччахьллин кхерамзаллан урхаллан.
Герзаш диттинчул тIаьхьа лоьлхуьйтурш а, хьостамий а дIасакхийсина зуламхоша, шайна тIаьхьа ца кхиийтархьама.
Бусулбанаш алсам бехачу Таиландан къилберчу еа провинцех ю Яла. 1909-чу шаре кхаччалц йозуш йоцчу Малайзин султанатан декъехь яра иза, цул тIаьхьа аннекси йича Таиландан юкъаяхара.
2000-гIа шераш дуьйладелчхьана оцу регионехь лелаш бу сепаратисташ. Шайлахь Яла а йолуш, кхо провинци дIа а къастаяй, церан территори тIехь султанат кхоллар тIедожийна цара. Оцу юкъанна гIаттамхойн карах 7 эзар гергга стаг велла цигахь. Радикалан бусудьанашца къийсам латтош бу Таиландан Iедалхой.