ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эладитанаш даржон нах совцон дагахь ву Кадыров "байина а, чубоьхкина а, кхерийна а" (+видео)


Социалан машанашкахь эладитанаш даржош, цхьаннан сийдойуш комментареш язъен нах шога совцон беза аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Регионан хьаькамашца йоьдучу кхеташонехь дина цо цу кепара дIахьедар. "Грозный" телеканалан эфирехь гайтинчу видео тIехь Кадыровс боху нагахь санна, "уьш совца ца бахь: йа байина, йа чубоьхкина, йа кхерийна а...цхьаъ ца дахь, гIуллакх хир дац".

"Доьзалх хьакхалург, сий дойург ма язде. Нагахь лууш велахь – тIом бе, хьо стаг велахь. Амма охьа а хиъна, машанашкахь йозанаш дар сонталла ю. ХIара доллу дуьне сийначу цIарах дагахь а, ас вуьтур вац сий дойуш волу стаг. КъорIанах дуй буу аса, вуьтур вац", - аьллачу нохчийн куьйгалхочун дешнаш далийна "Кавказский узел" агенталло.

Карладоккху, 2016-чу шарахь Соьлжа-ГIалин коьртачу маьждига хьалха а тийсира Кадыров Рамзана Европехь бехачу нохчашна кхерамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG