ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра хьешан хIусамаш толлур ю


Нохчийчуьра пхи седа лору хьешан цIа
Нохчийчуьра пхи седа лору хьешан цIа

Терроризмца латточу къийсаман гурашкахь Нохчийчохь белхан тоба вовшахтухуш ю, хьешан хIусамаш талла. Туризм кхиоран Коллегиалан кхеташонан гуламехь тIеэцна цу кепара сацам, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

ХIора отелан гIишлонна кхерамзаллан паспорт хIотто хьесап дина гулбеллачара. Вовшахтухучу белхан тобан юкъахь хир бу къоман гвардин урхаллан а, ФСБ-н а векалш аьлла, дIахьедина кхеташо дIахьочу туризман министро Байтазиев Муслима.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG