ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Декхар» охьадуьллу хан кхаьчна


Романова Софья

Нохчийчохь стенна бестош бу коммуналан мах? Оцу хаттарна жоп лехира «Кавказ.Реалиис»

2020-чу шеран шолгIачу декъехь ерриг а Оьрсийчохь лакхабевр бу бахархоша коммуналан хьаштех луш болу мехаш. Министрийн кабинетан куьйгалхочо Медведев Дмитрийс куьг яздинчу документо бахарехь, массанхьачул а дукха хир бу хих, газах, йовхонах, Iедало хIусамашкакхачочу кхечу хьолах бахархоша луш болу мах Къилбаседа Кавказехь.

Ткъа ерриг а Оьрсийчохь хьалхарниг хир ю Нохчийчоь. Цигахь коммуналах боккхучу механ тариф хир ю массанхьачул а лакхара - 6,5%. Цул тIаьхьа йогIу ГIебарта-Балкхаройчоь а, Дагестан а (5,4% а, 5,2% а). 4-чуй, 5-чуй меттигашкахь ю коммуналан тарифийн дукхаллица ГIалгIайчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а (5,1 а, 4,9 а процент хIоранна).

Медведевс уггаре боккха къинхетам бинарг бу Ненцойн автономан мохк – цигахь коммуналан мехаш бестар бац 2,4% бен.

Стенна къастийна Нохчийчоьнна оццул йоккха тариф? Оцу хаттарна жоп луш махкарчу мехийн, тарифийн комитетан куьйгалхочун гIовса Хагиева Каринас элира, шена зен а хуьлуш, болхбеш ю Нохчийчоьнна газ латтош йолу хьукмат.

"2011-чу шарера схьа шена зен а хуьлуш, юхку ягориг газ латточу урхалло. 2012-чу шарахь дуьйна аьлла ду тхоьга Оьрсийчоьнан премьер-министро, республикехь газан мах хила беззачу тIегIане боккху график х1оттае».

Нохчийчоьно бахархошкара 2016-чу шарахь дуьйна болийна газах боккху мах хьалабаха – хIора шарахь а 14% лакхабуьйлуш схьабеана иза.

Хагиевас бахарехь, Медведевс къастийначу тарифца дозалуш а дац и хьал. Кхечу дешнашца аьлча, Медведевн тариф (6,5%) лелаш хир ю ишта а, вуьшта а, цу тIе кхуьуш лаьттар ю 2024 шо кхаччалц «чоьхьара индекс» а.

Тарифийн башхаллаш бахьана долуш, 16 миллиард соьманна зен хилла республикехь газлатточу урхаллина, боху Хагиевас. Цундела газна т1екхетар бу мах алссам, амма дукха лакхабер бац тоьках лушберг, цо дийцарехь.

Кхушарралц Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказера хьал схьаэцча, уггаре лахара бара газан мах. Куб-метрах ца ло цкъачунна 4,6 соммий бен (ткъа гонахарчу мехкашкара мах бу 5,5 сом).

Тоьках мах цхьабосса ло Нохчийчохь а, Дагестанехь а. ГIаланашкахь – 2,6 сом, ярташкахь – 1,8 сом сахьт/киловаттах. Амма мелла а сов ло бахархоша и мах Къилбаседа Кавказерчу кхечу мехкашкахь.

Оьрсийчоьнан премьер-министро хIиттийна тарифаш, гарехь, юьззина тIе ца эга а тарло бахархошна. Масала, стохка шайн махканна Iедало хIоттийна тариф 4,4% яра, амма иза 3,4%-ал лакха ца яьлла, боху ГIебарта-Балкхаройчоьнан энергетикан, тарифийн, хIусамийн тергоечу министран гIовса Макуашев Алима.

"Бахархоша луш болу мах 5,4% тарифе хьалакхочур бу ала бух бац цкъачунна», - аьлла хета хьаькамна.

Макуашевс бахарехь, федералан Iедало тарифаш хьалаяьхна, коммуналан хьукматашна инвестицин проекташ тIеэца оьшуш меттиг нислахь а аьлла.

«Масала, хи, йовхо латточу компанешна шаьш нахана латтош долу хьелаш тодан а лиина, цара инвестицин проекташ юкъаяьхча, тхан бакъо ю тариф Медведевс магийначу тIегIане кхаччалц лакхаяккха. И дерриг а ду деш коммуналан хьал дикачу агIор тодархьама», - боху Макуашев Алима.

Цунна хетарехь, журналисташ ца кхета, дукха хьолехь, оцу кепо муха болх бо, цара цундела дестийна дуьйцу, харц информаци яржайо.

"Оха кестта пресс-конференци хIоттор ю, дерриг а довзуьйтур ду журналисташна. ГIебарта-Балкхаройчоьнна тоьхна тариф 5,4% ю. Иза оцу терахье хьалаяла тарло, амма тарло ца яла а. Махкахь коммуналан хьелаш совдаха, тодан вайна лиина меттиг ягIахь, йиш ю и тариф 5,4%-те кхзаччалц есто, амма иза, лаахь а, ца лаахь а, бохуш, тIейожош тариф яц», - аьлла кхетийра «Кавказ.Реаалии» Макуашевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG