Филиппович Екатерина
Стенна туьйсу Кадыров Рамзана "сий бехдечарна" кхерамаш? Ишта хаттар дира "Кавказ.Реалиино" эксперте
«Грозный» телекомпанино кху деношкахь шен хаамийн программехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан гайтира интернетехула шен а, шен гонан а «сий бехдечарна» лоьш. «Эладитанаш даржораш», «маьттаза хIуманаш яздийраш» хIалакбан беза, бохура цо.
(Кхузахь а лахахь а Кадыровн къамел ма-дарра довзуьйту редакцино). "Барт галбоккхуш лелаш йолу хIуманаш юккъехь, питанаш, эладитанаш, юьйцуш йолу хIуманаш, уьш вай яйина а, чуйоьхкина а, кхерийна а, совца ца йой и хIуманаш, вайн цунах цхьа а агIо хир яц. Честь, совесть задевать еш болу нах, дуй хьуна, их надо уничтожать, боху ас, кхетий хьо, хьокху дуьне сийна цIарах даьгчи а, хIокху дуьненахь мел долу закон галдаьккхичи а, честь задевать дина стаг мичахь вуьтур ву? Дели доьссинчу Делан шина Дела Къуранора вуьтур вац-кх, дуй хьуна, хIокху, ас боху, хIокху дерриг а дуьненахь мел йолу наказани тIеоьцур ю-кх ас, дуй хьуна, на таран тIом бар гIоле ма ю, дуй хьуна, и яздечуьнца, цIеллиг-цкъа а простить вийр ма вац ас, цIеллиг-цкъа а. Закон муьлхарг ду? Закон, конституци, демократи – это есть благополучие населения, дац, дуй хьуна. Ахьмад-Хьажас, вайн цель – благополучие населения ю аьлла». Иштта ю Кадыровс кхайкхийна кхел.
Ткъа шена а, шегарчу Iедална а резабоцуш, интернетехь лоьчарна ша-тайпа тохку цо цIерш: «…Аферисташший, предательшший, эладитанчаш, шизофреникаш, вукхара, вукхара лелош йолу хIуманаш, уьш разных мастей ю, уьш совцо езаш ю».
ХIинца Кадыровс дина къамел – иза цо шена товш йоцу информаци дIалакъош бечу белхан цхьа жима дакъа бен а дац. Яхначу бIаьста «Нохчийчоьнна, Оьрсийчоьнна дечу идеологин тIелетаршна дуьхьалояр чIагIде», аьлла, «Грозный» телекомпанин директоре Дудаев Ахьмаде мехкан куьйгалхочо, и болх марсабаккха ши бутт хан а луш. Кху гурахь Дудаевс Нохчийчуьра хаамийн гIирсаш юхакепатуьйхира, церан компанеш шор а еш. Иза цо дира «Интернетехула бакъйоцу информаци яржош лелачу зуламхошка регионера хьал талха ца дайтархьама».
Кадыровна дуьхьал, я цуьнан идеологица ца догIург, мел иза Оьрсийчоьнан низамашца догIуш нислахь а, яздан ваьхьинчунца къийсаяла араяьккхира мехкан пресса.
Оцу новкъахь махкарчу Iедало бечу белхан коьрта билгало ю нах «Грозный» телеканалехула кIера хила, шаьш аьллачух дохкобовла декхаребар – и тайпа сурт доцуш ца йоьрзу телекомпанин эфир наггахь а (къоман политикан министра Умаров Жамбулата оцу гIуллакхна лерина шатайпа рубрика юкъаяккхар хьийхира шо хьалха, амма яккханза йисира).
Шена къинтIера даьхна къам Кадыровга сагIа дехначара, Европерчу гергарчара «хьаштдоцург» дийцарца шаьш юьхьIаьржа хIиттийнийла хаийтина бахархоша, комментареш язъярна белхийна дуккха а кегийрхой, божаршка дохкобовлар хазадайтина газ лучу компанина вониг аларна, я шайн йоIарий маре боьлхуш, царна уллехь нисбаларна – телегойтийлехула «къурд» мел алийтинарг вагарвина а девр дац вай. Иштта ду Нохчийчуьрчу Iедалан пропагандин хатI.
Кадыров Рамзана кхерам тесира комментаторшна Дагестанца долчу дозанна гонах къовсам иккхинчу муьрехь, массех бутт хьалха. «Мотт ларбе, пIелгаш шайн ларде. Ца дахь, оха кегдийр ду пIелгаш, бухабоккхур бу мотт», - элира хIетахь хьаькамо.
«Анализан а, конфликташ йийшоран а центран» директорна Сокирянская Екатеринина гарехь, наханна «байа», «чубохка» кхерамаш тийсар – иза деккъа дIа оппоненташца къовсавалар дац Кадыровн, нохчашца доьзна мел дерг, гонах а, гена а, шен долаэца лаар ду.
"Гочдаро къамел ма-дарра довзийтинехь, еш кхел а йоцуш, нах хIаллакбаре бина кхайкхам бу иза. Шен ойланца ца йогIу ойла хьаша аравалар а дац иза – Нохчийчохь янне а яц Кадыровца гарайолу ойла. Иза цигахь, шен орамца цхьаьна, бухаяьккхина тоххара», - аьлла го хьал Сокирянскаяна.
«Сий бехдечаьрга» Кадыровс дуьйцург уьш кхерорхьама дуьйцу, аьлла хета экспертна.
"Кхетамна дуьхьаллаттар – иза авторитаризм ю, ткъа Нохчийчоь тоталитаран анклав ю. Нохчийчохь а, цул арахьа а йолу информацин хьостанаш куьйга кIел латто гIертар ду иза – тIекхочехь боцу нах кхеро гIертар», - боху Сокирянскаяс.