ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Майсигов лаьцна вуьтуш хан дIаяхйина кхело


Журналист Майсигов Рашид
Журналист Майсигов Рашид

"Фортанга" хьостан журналист Майсигов Рашид Дечкен-беттан 7-чу дийне кхаччалц лаьцна вуьтуш, сацамбина Магасан кIоштан кхело аьлла, "Кавказ.Реалии" портале хаийтина цуьнан адвокато Аушев Мохьмада.

Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, кху аьхка "Фортанган" телеграм-каналан администратор Майсигов Рашид, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, лацарх. Адвокато даредарца, ток а йоьттуьйтуш, бертаза мукIарло дайтина хилла цуьнга.

Иштта, Аушевс чIагIдарехь, "Майсигов чохь латтон цхьа а бух бац" кхелахойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG