Идрисова Барият
Дагестанерчу НогIийн кIоштан кхелехь хатта долийна полицехь болхбинчу Джамалудинов Сайпулакъадин дов. Иза бехкево 22 шо долу Асанов Эрадил верна. "Кавказ.Реалиис" дуьйцу хилларг.
НогIийн кIоштан полицерчу бехк-такхаман декъан куьйгалхочун кабинета чохь 2014-чу шеран ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь вийра Асанов. Оццу дийнахь ваийтина хиллера белхан гIоьнна бехк-такхам таллархо Джамалудинов а, цуьнца кхин ши накъост а - кIоштара яхархо хьийза а йина, йийна хьал дара хIетахь листа долош.
Оцу зуламца доьзна Эрадел валийна хилла полице. Тешаша (полисхоша) дийцарехь, иза «хьалакхоссавелла», ша бехке ву шега аьлча, урс а даьккхина, чухьаьдда Джамалудиновна, вукхо вийна шен са лардеш.
Юьхьанца полисхочунна бехке дуьллура бакъонашца иза соввалар. Болийна таллам масийттаза сацийна а хилла, «зуламан бух бацарна», амма юха-юха гIиттош латтийна. Делахь а, стаг вер цунна тIедаьхьина кхушара. Аьхка лаьцна Джамалудинов, дIаваьккхина даржера (цуьнан белхан тIаьххьара меттиг яра ЦIунтан кIоштарчу цхьана юьртахь, куьпах жоп луш вара иза).
Бутт хьалха долийра кхело дов листа. Чоь юьззина нах бара баьхкина – цуьнан а, вийначу Асановн а гергарнаш.
Вийначун нана - Адильгереева Юмабике – Iара кхелехь, кара кIентан сурт а лаьцна, шега кхелахочо хаттар дича, йоьлхучуьра саца а ца луш.
Дош делира Джамалудиновга. Иза гIоьртира нах къинтIера баха, элира, ша ларамза тоьхна герз. «Делан дуьхьа, таро шайн елахь, доьху ас юха а, юха а, къинтIера довлахьара шу суна. Эзарза доьху ас. Кхета со шуьга боьссинчу баланах. Сан гергарнаш а кхета цунах. Сан нах даима а бу царна гIодан кийча, дан а до цара гIо. Ас нийса ду ца боху стаг вер, амма иза ас ца ваьлла дина, Iалашвалархьама. Иза суна лаа а лууш даьлла герз дац», - бохура полисхо лаьттинчо.
Цул тIаьхьа Джамалудиновс цхьана кехат тIера йоза деша долийра, амма хала дара цо доьшург хаза: «Сайна дина тIелатар мел кхераме ду, сайх хIун хир ду, суна хала дара къасто. Стаг вен дагалаьцна со ванне а вацара».
Асанов вуьйш НогIийн кIоштахь полицин куьйгалхо лаьттина Ярлыкапов Баймохьмад вара кхеле тоьшалла дан ван везаш. Амма кхел кхечу хене теттина – Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла кхечу цхьана девнехь тоьшаллаш деш хиларна, шеца йина харцо луьстуш (бехкевийриг Дамалудинов ву цигахь а – полицина ахчанца тешнабехк барна).
Талламчаша дийцарехь, Джамалудиновс, ша полицехь балхахь волчу юкъанна, хьешацIийнашкара харц кехаташ кхехьна шен белхан метте, ша болхбеш лелла цхьацца яьрташкахула, ваьхна шен ахчанах, бохуш – ткъа иза бакъ ца хилла, ахча лачкъорхьама лелош хилла цо бозбуанчаллаш).
"Кавказ.Реалиига", вийначу Асановн доьзалца шаьш дика юкъаметтигаш а лелайо, царна кест-кеста ахчанца гIо а до, дийр а ду, аьлла, дийцира Джамалудиновн дас Мохьмада.
Асанов Эрадил – иза веле – йоI ерна бехкеварх лаьцна аьлча, шо даьлча карийра куьг-бехкениг. ЙоI йийнарг хиллера НогIийн кIоштарчу полицин хьаькаман Ярлыкапов Баймохьмадан гергара стаг Шандиев Руслан. Цунна 14 шо хан тоьхна набахтехь луьрачу хьелашкахь яккха.