ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японерчу туристана дийна делккъехь талор дина Несарахь


ГIалгIайчоь, Несара
ГIалгIайчоь, Несара

Хьешана шаьш вуно тIера ца хилар гайтина Несарахь Японерчу туристана меттигерчу шина вахархочо. ДIадаханчу пIераскан дийнахь 30 шо долу японхо садоIуш хилла цу гIаларчу "Парк Арбат" махбаран а, самукъадаккхаран а центрехь. iPhone а карахь, гIаьнта хиина Iаш волчу цунах бIаьргкхетта меттигерчу шина вахархочун.

ТIе а вахана, цкъа дуьххьара туристе дехар дина цу шиммо телефон тохийтахьара аьлла. Гаджетан да ца кхетта шега бохучух, цундела "хIа-хIа" аьлла корта ластина цо. Цул тIаьхьа, махкара воцчу хьешера нуьцкъала гаджет дIа а яьккхина, ведда ши зуламхо.

Амма дукха хан ялале Несаран полицино кхиаме лаьцна японхочун тIелтар дина 21 а, 23 а шераш долу меттигера ши вахархо. Цунах лаьцна хаам бинчу «Регион online» сайто дийцарехь, цу шинна дуьхьал долийна бехктакхам гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG