ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна могуьйту Нохчийчохь йиш лакха?


Муха беха Нохчийчохь эшарш лакхар дихкина интернет-артисташ

Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Романова Софья.

Кху деношкахь Нохчийчоьнан културан министро Дааев Хож-Баудис юха а карладаьккхина махкарчу иллиалархошна, шайн репертуар кеп-кепарчу комиссешца йийцареян езарх тIейогIучу заманчохь. Цо дIахьедарх, синбахамаллин министраллехь вовшахтоьхна экспертийн кхеташо кийча ю, иллиалархойн кхоллараллийн материал ладогIархойн кхеле йиллале, иза зен.

Иштта Дааевс тергоне эцна "нохчийн артистийн социалан машанашкахь лелар а". "Нохчийн гIиллакхаш а, оьздангалла а йиц ма елаш", социалан машанашкарчу шайн аккаунташка суьрташ, видеош, йозанаш зорбане дохучу юкъанна аьлла, кхайкхамбина министро иллиалархошка. Цо бахарехь, къоман културан векалш уьш хиларе терра, цара "масал гойту тIекхуьучу кегийрхошна".

"Нагахь санна, министро бакъо елча, со-м вара илли эр долуш"

Карарчу шеран Товбеца-баттахь дуьххьара дийца даьккхира Нохчийчуьрчу бозуш боцчу артистех. "Грозный" пачхьалкхан телевизионан эфирехь Дааев Хож-Баудис юьхь яьккхира къоначу иллиалархойн, културан министраллаца дага а ца бовлуш, интернетехь шайн кхолларалла Iораяккхарна.

"Шу санначу артисташа нохчийн гIиллакхаш бехдо", - аьлла, дIахьедира хIетахь хьаькамо. Бакъду, массарех а ца хьакхаделира нохчийн Iедалхойн дехкар. Сюжетехь нахалабаьхначу иллиалархоша сацийра шайн кхолларалла, амма, дуккха а бу тахана а жигара шайн эшарш дIа а лоькхуш, социалан машанашкахь уьш яржораш.

"Грозный" телехьожийлан репортажан цхьана турпалхочо Вахарагов Аюба хаамбира "Кавказ.Реалии" портале, синбахамаллин министраллан идейш бакъйо ша, амма реза вац, шен кхоллараллица нохчийн културан ша сий дойу аларна.

"Министр бакълоь массо а хIуман тIехь, амма цо сайна бакъо елча иллеш бохур долуш вара со. Ца лахь, суна оьшуш а дац", - боху Вахараговс.

Цо дийцарехь, иза а, цуьнца цхьана репортажехь гайтина цуьнан ваша Асхьаб а карарчу хенахь цхьанхьа а болх беш вац. "Цкъачунна балха аравала цхьа а лаам а бац", - дуьйцу Аюба.

Музыкан доьшийле дIахIотта Iалашо ю цуьнан, "официалехь културан белхахо" хила, Дааевс тIе ма диллара.

"Колхозан кеп"

Синбахамаллин министраллан инициативана реза ву Нохчийчуьрчу културан цIийнехь болх беш волу иллиалархо Могаев Мохьмад а. Шайн ницкъ а, ахча а дойуш, артисташа дIаолуш долчу иллех, эшарех говзалла йоцчу нахе пайдаэцийта мегар дац элира цо. Шен кхоллараллин некъ болалучу заманчохь, нехан иллеш дIаолуш волавелира ша а, амма иза хобби санна хIума дара боху Мохьмада.

"Нохчийчохь чекхъяьккхина ас културан а, исбаьхьаллин а колледж. Филармонехь болх бина а ву со. Сайга тIевола ца аьлча а, со суо сайн лаамехь гIур вара министралле, хIун мега, ца мега хаа", - дуьйцу артисто.

"Вайн министро бохучунна 100 процент реза ву со. Ас дуьйцу хьуна, хIунда ву а. Масала, теттина ахча а лой, йиш дIаязйойту ас. ТIаккха Вахарагов Аюба ван а вогIий, шен "колхозан" кепехь юха яздойту сан илли. Цкъа делахь, ахча дов сан, шолгIа аьлча, репутаци а. Ткъа Вахараговна маьхза дуьсу сан илли", - дуьйцу жимчу стага.

Меттигерчу телевизионехь бехкаш дохуш, гайтинчу интернет-артисташца министр тIех шога хилла аьлла ца хета Могаевна. Масийттазза совца баьхнера цаьрга боху Мохьмада.

"Хьажахьа, камераш йоцуш, репортажаш ца еш, цул хьалха а къамелаш ма динера цаьрца. БIозза баьхнера, вайн менталитет а, кхин дерг а ларде вай. 3-гIа шо а ма ду културан министралла цу тIехь болх беш схьайогIу. Иллеш синбахамаллин министралле, исбаьхьаллин кхеташонан кхеле дахка, иллеш вовшех тера ца хилийтархьама бохуш", - дерзадо шен къамел Мохьмада.

"Кавказ.Реалии" портало хеттарш динчу тергамчаша хьалхо дIахьедира, говзалла йоцчу эшаршлакхархошна болх бар дехкар, "нохчийн этикаца" церан иллеш а, лелар а догIуш цахилар хилла Iир дац аьлла.

Културан министраллан официалан белхахоша санна, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзал а хестош, иллеш ца олу бозуш боцчу артисташа. Цундела церан кхолларалла дехкарца - царна дийриг таIзар хила а тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG